«ТIаьхьенийн зIе» дато волонтералла кхиоран программин гурашкахь Нохчийн Республикехь социальни мехала «Дато беш» проект ю дIахьош.

Цуьнан Iалашо ю М.Д.Миллионщиковн цIарахчу мехкадаьттан техникин университетан (кхидIа – Университет) Къилбаседа Кавказехь хьалха йолчу «Way carbon» карбонан полигонехь тайптайпана синтарш дIадер.
Билгалдаккха деза Университет углерод вовшашца яран кепашна (балансана) тIехь терго латторан технологеш юкъаяхаран а, зеран а карбонан полигонан пилотни проектан дакъалацархо хилар.
Полигон стационаран а, мобилан а къаьстина каппаш йолуш хир ю. Оцу декъехь боккха болх бина. Амма бан безарг кхин а доккха жоьпалла долуш бу – климатан жигарчу газашна тIехь терго латторан система дIайолор.
«ТIаьхьенийн зIе» проектан Iалашо ю бахархой гуонахара Iалам лардеш хилийтар.
Волонтераша хIинцале а 51 гектара тIехь йолчу карбонан полигонехь 600 синтар дIадийна.
Оцу гIуллакхан Iалашо ю Нохчийн Республикехь экологин гIуллакхаш а деш, кегийрхойн экологин кхетош-кхиоран тIегIа лакхадаккхар, экологин волонтерийн гIуллакхна кегийрхой юкъаозор.
Дагадоуьйту, М.Д.Миллионщиковн цIарах университет углеродан технологеш зеран а, талларан а пилотни проектан дакъалацархо ю.
Л.ДАУТОВА
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гӀа де