Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ГаланчIожан кIошта а вахана, цигахь кхеташо дIаяьхьира.

«Вайн республикин хIара исбаьхьа меттиг еххачу хенахь тесна йитина ю. Кхузара адамаш 1944-чу шарахь охьадаьхна, нохчийн халкъана тIехь таIзарш дечу хенахь. Хьал хийцадала доладелла 2007-чу шарахь. ХIетахь, ГаланчIожан кIоштан оьмарехь дуьххьара кхузахь некъаш дахкар дIадолийра вай. И белхаш жигарабехира кхо шо хьалха, коьртехь Даудов Мохьмад а волуш, леррина Каде штаб вовшахтоьхча», – элира регионан Куьйгалхочо.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира цул тIаьхьа вуно дукха болх бина хилар.
Ша аьлча, бан а бина, то а бина а 230 километр некъ. Цо таро ло кIошт денъярехь дан лерина гIуллакхаш сиха дIадахьа. Некъаш дахкарца боьзна хилла хьалхара мур чекхбаьлла.
ХIинца, 2022-гIа шо чекхдалале чекхбоккхур бу шолгIа мур. Цу юкъадогIу герггарчу хенахь 123 километр газан биргIанаш вовшах а тосуш, цига газ ялор, юьхьанцара электрофикаци яр.
«ХIинцале 2 000 эзар доьзало схьахаийтина шайна кхуза схьакхалха лууш хилар. Бахархой алсамбовларе хьаьжжина социальни объекташ йийр ю вай», – бохура цо.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцарехь кIоштахь Iаламат дукха архитектурин башха хIолламаш бу. Уьш хIокху махкахь 250 бу.
«1944-чу шеран чиллин (февраль) баттахь инзаре къиза зулам дина кхузахь. НКВД-рчу зуламхоша Хьайбахахь, дийна боллушехь, меттигера бахархой багийна», – элира Кадыров Рамзана.
Цо тIедиллира оцу зуламехь кхелхинчеран сийнна хIоллам бар.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо дагадаийтира хьалха хIара меттигаш, адамаш дехаш доцуш, кхераме хилла хилар.
Бакъонца кхиэл ярх бевдда бандитийн цхьаьнакхетараллийн декъашхой кхузахь лечкъаш лелла. Тахана хIара уггаре а сиха кхуьуш йолу а, яккхий тIаьхьалонаш йолу а кIошт ю. ХIара кхиоран гIуллакхаш лелош ву Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам.
Регионан Куьйгалхочо иштта хьахийра ГIалгIайчоьнца долчу дозанан хьокъехь долу гIуллакх а. Цо вежараллин халкъ кхайкхира питанчийн тоба сацоре. Шина халкъан барт бохо, дов гIатто гIерташ ю и тоба. Цул сов, и гIуллакх дийцина даьлла ду массо а ханна, законца догIуш а ду.
Кадыров Рамзана баркалла элира Россин Пачхьалкхан Думин депутатана Делимханов Адамна а, Нохчийчоьнан Правительствон Председателан заместительна, автомобилийн некъийн министрана Тумхаджиев Абубакарна а, Нохчийн Республикин Парламентан спикерна Даудов Мохьмадна а историн мехала маьIна долу ГаланчIожан кIошт кхиорехь лаккхарчу тIегIанехь болх дIахьош хиларна.
Д.ПАШАЕВ
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гӀа де