Нохчийчоьнан Куьйгалхо реза вац кIошташкахь йолчу культурин учрежденийн балхана

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана рогIера кхеташо дIаяьхьира культура кхиоран гIуллакхашна лерина йолу. Цигахь бийцаре бира кIоштийн культурин отделашкахь беш болу болх.

Кхеташонехь дакъалецира Нохчийчоьнан Правительствон Председатела Хучиев Муслима, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Таймасханов ГIаласа, Правительствон Председателан заместитела Дааев Хож-Баудис, культурин министра Кадырова Iайташа, кIоштийн администрацийн куьйгалхоша, кIоштийн культурин отделийн хьаькамаша.

Кадырова Iайшата дийцира лерринчу комиссис кIоштийн культурин 95 учреждени теллина хиларх лаьцна. Царна юкъахь ду «Культура» къоман проектан гурашкахь дина я тодина долу Культурин цIенош. Еа кIоштахь гучудевлла сихха йист яккха езаш долу проблемийн гIуллакхаш. Иза Культурийн цIенойн а, библиотекийн а шайн гIишло цахилар ду.

«Шелан кIоштахь, Устрада-ГIалин округехь, Чуьйри-Эвла, Чечана ярташкахь Культурин цIенош библиотекийн гIишлош чохь ду. Берашца болх сенеш чохь дIабахьа безаш хуьлу. Еа кIоштах уггаре а проблемийн ю Гуьмсан кIошт», – бохура цо.

Кадырова Iайшата дIахаийтира культурин меттигерчу учрежденеша болх муха бо хьожуш ша массо а кIошта яха дагахь хилар.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо тIедиллира Гуьмсан кIоштахь кхолладелла хьал таллар. Цо билгалдаьккхира ХХI-чу бIешарахь Культурин цIенош «буржуйка» пешашца дохдар маггане а магийта йиш йолуш цахилар, муниципалитетийн куьйгалхоша Нохчийчоьнан культурин министерствоца юххера зIенаш йолуш болх бан безаш хилар, ткъа кIоштийн культурин отделаша культурин гIуллакххойн керла тIаьхье кхиорехьа гIуллакхаш дан дезаш хилар.

«Нохчийн махкахь похIме адамаш дукха ду. Уьш лаха деза, царна гIо дан деза шайн похIма кхио. Царах уггаре а тоьлла болчара шайн говзалла а, похIма а лакхадоккхур ду корматаллин хореографин коллективашкахь а, пачхьалкхан филармонехь а», – элира цо.

Иштта, Нохчийчоьнан Куьйгалхочо тидам тIебахийтира халкъан эхь-бехкан, оьздангаллин, ламасталлин мехаллаш чIагIъярна тIехьажийна болчу балхана меттигашкара хIора а жигара юкъа ваха везаш хиларна.

Цо дийцарехь, Европа а, Малхбузе а шен культура коча йолла гIерташ ю, иза нохчийн халкъан динца а, гIиллакхашца а, Iадаташца а янне а йогIуш яц, царна нийсса бIостанехьа ю.

«ХIораннан а интернетах пайдаэца аьтто болчу бIешарахь къоначу, чIагIбелла баьлла боцчу кхетамна цо вон тIеIаткъам бо. Цундела вайн стратегин декхар лору ас къоман шатайпаналла цаяйтар, башхалла ларъяр, халкъан культурин мехаллаш алсамъяхар», – чIагIдира цо.

Кадыров Рамзана кхин цкъа а хьахийра цхьаболчу артистийн корматаллин говзаллин хьокъехь долу гIуллакх.

Ша аьлча, цо билгалдаьккхира искусствона хийра долчу адамаша нохчийн халкъан цIарах хIумма а дан дезаш цахилар, хIунда аьлча, церан леларца, говзаллица нохчийн къоман культурин башхаллин хьокъехь ойла ян тарлуш ма ду.

«Иза хьакхалуш ду хелхарийн коллективех а. Нохчийн хелхаран талхо йиш йоцу бакъонаш ма ю, лар ца йича йолуш а йоцуш», – элира регионан Куьйгалхочо.

Д.АНАДЕВ
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: