Масех некъан-транспортан бохам хилла

Грозненски кIоштахь, «Коьрте – Устрада-ГIала» новкъахь, Беркат-Юьрта йисттехь, ши автомашен вовшах а кхеташ, некъантранспортан бохам хилла.

1967-чу шарахь вина волчу Теркан кIоштарчу вахархочун «ВАЗ–21070» а, иштта, 1991-чу шарахь вина волчу Грозненски кIоштарчу вахархочун «ВАЗ–21114» а, автомашенаш вовшахкхетта.

Некъан-транспортан бохам хилар бахьанехь «ВАЗ–21070» автомашенан водитель Устрада-ГӀалийн №1 йолу больницин травматологин отделене вигна.

Некъан-транспортан бохамаш хиларан бахьанаш а, дакъалацархойн бехкан барам а къастош, таллам дIахьош бу.

А.КАНТАЕВ
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: