Наркотикашца къийсам дIахьо

Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон наркотикашна тIехь терго латторан урхаллин белхахоша, «Терго» цIе йолу оперативни-лахаран мероприяти дIахьош, сацийна 1996-чу шарахь вина волу Соьлжа-ГӀалара вахархо.

Таллам дIахьош, цуьнгахь кара а йина, схьаяьккхина ораматех схьаялар долу, баьццарчу басахь, аьтта йолу, кIомалан шатайпа хьожа йолу наркотик.

Схьаяьккхина наркотик 90–100 грамм ю.

Оццу хенахь, Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Гуьмсан кIоштахь йолчу отделан белхахоша наркотикаш лелоран а, царах падаэцаран а шеко кхоллаелла, саца а вина, полицин отделе валийна 1991-чу шарахь вина волу Гуьмсера вахархо.

Тешаш а болуш, таллам дIахьош, цуьнгахь кара а бина, схьабаьккхина ораматех схьаялар долу, сиро-баьццарчу басахь, кIомалан шатайпа хьожа йолу, 20 грамм гергга наркотик чохь йолу тIоьрмиг.

Лакхахь билгалбаьхьначу бахархоша динчу зуламийн Россин Федерацин Уголовни кодексан 228-чу статьяхь билгалдинчу зуламийн билгалонаш ю.

Схьаяьхна наркотикаш таллам бан дIаяхьийтина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Экспертийн-криминалистикин туьше.

Бакъо талхийначарна тIедиллина полицин отделе бахкар. Оцу гIуллакхийн хьокъехь дIахьош таллам бу.

№88, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: