Хууш ма-хиллара, хIораммо а ша дахарехь дIахьон болу некъ жима долчу хенахь билгалбоккху. Ткъа и некъ кхиамца дIакхехьа къахьега деза. ТIехьа-МартантIехь Iаш волчу Эльбердов ИбрахIиман коьрта Iалашо паргIатчу кепара охьатохархлатарехула дуьненан чемпион вала хила. Иштта шен Iалашоне кхача хIора дийнахь къахьоьгуш а ву..
Эльбердов ИбрахIим вина 1999-чу шеран май беттан 12-чу дийнахь ТIехьа-МартантIехь. Меттигерчу №3 йолчу школехь дика доьшуш схьавогIуш а ву. Шен 11 шо долчу хенахь паргIатчу кепара охьатохархлатар Iамо лаам хуьлу кIентана. Цо чохь олу ша спорте дIаязве олий, амма кхуьнан дехар къобал ца до, жима хиларна. Бакъду, ИбрахIим къар ца ло. Иза тренеран Нукаев ИбрахIимна тIе воьду. Тренера кIентан дехарна жоп луш олу: «Кхана хьайн форма а йохьуш схьавола». Цунах боккха кхаъ хуьлий цIа вогIу иза. Гуттар а самукъадаьлла волчу шен к1анте нанас хотту сел велавелла хIунда ву хьо, олий. Иштта хаьа нанна иза спорте лела волуш вуй. ИбрахIимна шен керла некъ дукха хазахетарна, цунна туькана а вуьгий паргIатчу кепара охьатохархлатарехь мел оьшуш йолу хIума оьцу нанас.
Ша спорте лела волавелла дукха хан ялале цо республикин а, районийн а къийсадаларшкахь толамаш боху. 2013-чу шарахь «Кубок Первенства» цIе йолчу регионашна юкъарчу турнирехь кхоалгIа меттиг йоккху. Оццу шарахь республикин чемпион а хуьлу. Иштта хIокху шеран апрель баттахь ГIебартой-Балкхаройчоьнан пачхьенехь Нальчикехь дIадаьхьна VII Россин дешархойн аьхкенан къийсадаларшкахь шолгIа меттиг йоккху цо. Хьан спорте лела лаам муха хилира аьлла шега хаттар дича, Ибрах1има иштта дийцира: – «Тхоьца школехь доьшуш воккхах цунна. Иза жиманиг а, дег1ий верг а хьийзочу хенахь т1ех1уттура. Вон лелаш берш совца а бора. Цундела иза хьехархошна дукхавезара, тхуна масална а х1иттавора. Иштта тхайн шичех тера хила лиира суна. Иштта дара сан спорт езаялар», – элира спортсмена.
Карарчу хенахь шен керлачу тренерца Бадалов 1адланца рогIерчу къийсадаларшна кийчам беш ву Ибрах1им.
А.ТЕРЛОЕВ
№ 67, еара, 18 июнь, 2015 шо
