Кинематографин гIишло тойина

Кхоччуш дика тойина, схьайиллина Соьлжа-ГIалара Кинематографин пачхьалкхан урхаллин гIишло.

Даздаран хьолехь гIишло схьайоьллучохь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин культурин министран заместитель Мадаев Мамед а, культурин, кинематогарафин белхахой а, студенташ а.

Къоман «Культура» проектан гурашкахь дIабаьхьна гIишло тояран белхаш. Чуьра пенашна тIера, йийбарна тIе кхаччалц, массо а хIума карладаьккхина цу чохь. Цул сов, уьйте а тойина.

– Культурин декъехь къахьоьгучу белхахошна доккха совгIат ду, дерриге а хьелаш а долуш, шайн белхан меттиг дIанисъяр. ТIаьхьарчу хенахь кхиъна йогIуш ю Нохчийчоьнан кинематографи. Шайн белхан дуккха а говзанчаш бу кхузахь къахьоьгуш. Шун Дала аьтто бойла! Шайн Iалашонашка а, кхиамашка а кхочийла шу, – элира Мадаев Мамеда.

Нохчийн пачхьалкхан А.Татаевн цIарах йолу культурин а, искусствон а колледж а хир ю хIокху гIишло чохь.

– Таханлерчу дийнахь 11 корматаллехула очни, заочни кепара 473 студент ву колледжехь доьшуш. Россин Федерацин дешаран кхечу учрежденешца зIенехь ю тхан колледж. Фестивалашкахь а, конкурсашкахь а толаман меттигаш йоху тхан студенташа. ХIора шарахь 150 студент, аьлча а, культурин говзанча арахоьцу оха, – элира колледжан директора Зубайраева Анжеликас.

ВЕГИЕВА Макка
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: