ХIокху деношкахь Нальчик (ГIебартойн-Балкхаройчоь) гIалахь дIаяьхьира дзюдохула Россин Кубок яккхаран турнир.

Цигахь дакъалоцуш бара Россин регионашкара тоьлла спортсменаш.
Вайн республикера турнирехь яхь къовсуш бара Нохчийн Республикин «Эдельвейс» спортан клубера дзюдоисташ. Къийс ада ларш шина дийнахь дIадаьхьира.
Шайн-шайн йозаллин категорешкахь дашон мидалш ехира вайн махкахоша Тарамов Рашида (65 кг), Ирисханов Ахьмада (70 кг).
Датон мидалш ехира Гехаев Iумара (65 кг), Закаев Халида (72 кг). Йоьзан мидалш ехира Эртахаев Абузара (75 кг), Ташаев Анзора (80 кг).
Цара даггара баркалла боху шаьш Iамийначу тренершна.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гӀа де