Хууш ма-хиллара, товбецан (сентябрь) беттан хьалхарчу деношкахь Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министра Сулейманов Эльхана А-Хь.Кадыровн цӀарахчу аэропортехь Санкт-Петербурган медицинин педиатрин университетан кхитӀе а долчу корматаллин дешаран факультетан декан Дитковски Лилия коьртехь йолу говзанчийн делегаци тӀейцира. Цул тӀаьхьа, эсаран (октябрь) баттахь вайн республике лоьрийн делегаци а еара.

Вайн республике Санкт-Петербургера веанарг 60 герга лор вара. Санкт-Петербуран пачхьалкхан медицинин педиатрин университетана а, Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министерствона а юкъахь хиллачу бартан гурашкахь Санкт-Петербургерчу лоьраша нохчийн лоьрашца цхьаьна вайн республикин бахархойн могашалла толлуш белхаш дӀабаьхьна.
Баттахь сов къахьийгира оцу лоьраша вайн республикин ерриге а кӀошташка кхочуш, могашалла толлуш, профилактикин талламаш беш, цул сов диспансеризаци яран белхаш кхочушбеш.
ХӀокху деношкахь Э.Сулеймановн оцу лоьрашца цхьаьнакхетар хилира.
Дийнна баттахь профилактикин мероприятеш еш, Нохчийн Республикин 14 кӀоштахь педиатрех, терапевтех, офтальмологех, акушеех-гинекологех, психиатрех, эндокринологех вовшахтоьхначу бригадаша меттигерчу бахархошна юкъахь диспансеризаци яр дӀадаьхьира.
Профилактикин белхаш дӀабаьхьира эсаран беттан 12-чу дийнера лахьанан (ноябрь) беттан 10-чу дийне кхаччалц.
Санкт-Петербургерчу лоьраша тӀеэцнарг 18 эзар вахархо ву. Царна юкъахь 15 эзар бер а ду.
«Шеко йоццуш, Санкт-Петербурган медицинин педиатрин университетан кхитӀе а долчу корматаллин дешаран факультетан говзанчаша вайн лоьрашца цхьаьана бинарг боккха болх бу. Иштта цхьаьна болх бар эвсаре хилар гойту оцу белхан жамӀаша. Профилактикин болх дӀахьочу хенахь, могашалла теллинчу бахархойх 6,5 эзар вахархочунна тайп-тайпанчу чолхаллин цамгарш хилар билгалделира. Баркалла ала лаьа Санкт-Петербурган медицинин педиатрин университетан ректорна Иванов Дмитрийна а, шайн зеделларг, хаарш, ницкъ ца кхоош къахьегначу лоьрашна а. Лоьрашна юкъахь зӀе тосуш, мехала проект кхочушъеш, доккха накъосталла дина Д.Ивановс», – билгалдаьккхира министра.
Санкт-Петербурган медицинин педиатрин университетана а, Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министерствона а юкъахь йолу беркате уьйраш тӀейогӀучу заманахь а кхин а чӀагӀлуш, дIагIуриг хиларх ша тешна хилар хаийтира Э.Сулеймановс цхьаьнакхетар дерзош.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гӀа де