«Ӏилманан тоьлла книга – 2020» конкурсан лауреат

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан бакъонийн дисциплинин кафедрин заведующи, доцент, юридически Ӏилманийн кандидат Иналкаева Казбан Ерригросин «Ӏилманан тоьлла книга – 2020» конкурсан лауреат хилла. Цунах лаьцна хаам кхаьчна оцу университетан пресс-службера.

Россин ерриге а регионашкарчу а, дозанал арахьарчу а Ӏилманчаша а, ВУЗ-н хьехархоша а хӀора а дакъа а лоцуш шарахь дӀахьош ю и конкурс.

ХӀокху шарахь конкурсан жюрин экспертийн комиссин декъашхоша 3000 сов Ӏилманан болх теллира. И белхаш дешаран а, Ӏилманан а 420 учрежденера кхаьчна бара.

Ӏилманан белхашна юкъахь педагогика а, психологи а, гуманитарни Ӏилманаш а, экономика а, урхалла а, юриспруденци а, техникин Ӏилманаш а номинацешкахула толаме кхаьчнарг а, конкурсан лауреат а къаьстира.

Конкурсан 5 лауреатана юкъахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан хьехархо Иналкаева Казбан а ю. Иза «Юриспруденция» номинацехь лауреат ю ша язйинчу «Конституционное право Российской Федерации» книга йовзийтарца.

К.Иналкаеван книгехь лекцийн курс ю пачхьалкхан дешаран «Конституционное право Российской Федерации» дисциплинин барам бовзуьйтуш.

Цо язйина Ӏилманан мехала книга лерина ю Россин пачхьалкхан дӀахӀоттамах дерг довза а, Ӏамо а лаам болчу ВУЗ-йн хьехархошна а, студенташна а, Ӏилманан а, практикин а белхахошна а.

«Конституцин бакъо Ӏамош волчу студентана хаа дезаш ду ша вехачу пачхьалкхах долу дерриге а, бакъонашлелоран гӀуллакх, пачхьалкхан коьрта хиламаш, бакъонаш, ламасташ. Ша гулдинчу хаарех нийса пайдаэца гӀорта а веза иза. Дешаран «Россин Федерацин Конституцин бакъо» дисциплина йовзуьйтуш йолу книга оцу тӀехь царна пайдехь хиларе са а туьйсу», – билгалдаьккхира К.Иналкаевас.

Ӏилманан хьаьрмахь боккха хилам бу нохчийн Ӏилманчин книга иштта тӀеэцар а, цо тоьлла меттиг яккхар а.

З.ХИЗИРОВА
№88, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: