Регионан Правительстехь бинчу хийцамийн хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

«Премьер-министра Хучиев Муслима хаийтира республикин правительствехь хийцамаш бан безаш хилар. Иштта, республикин могашаллаIалашъяран министран даржехь хилла Сулейманов Эльхан Правительствон Председателан заместителан дарже хьалхатеттина. Цуьнан метта хьалхатеттина Байсултанов Идрисан кандидатура. Шен рогIехь, паргIатдаьллачу республикин дешаран а, Iилманан а министран дарже Дааев Хож-Бауди хьалхатеттина, таханлера де тIекхаччалц вице-премьеран даржехь волуш, социальни блокан жоп луш хилла волу», – яздина Телеграм каналехь йолчу шен агIонехь Р.Кадыровс.
Цул сов, цо дийцарехь, сацам бина Шаптукаев Рустам экономика а, мохк а кхиоран, махлелоран министр хIотто. Хьалха иза промышленностан министран даржехь вара.
«Финансийн министрана Тагаев Султанна вице-премьеран статус ерзийна. Промышленностан а, энергетикин а министран дарже хIотто хьалхатеттина Нохчийн Республикин Липецкан областехь хилла векал Хакимов Адам», – билгалдаьккхина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.
Кадыров Рамзана хIетарехь, иза хьекъале а, нийса а бина хийцам бу правительствехь, цундела реза хилла керла кандидаташ оцу даржашкахь чIагIбарна.
«Со тешна ву оцу хийцамаша ведомствийн болх тобарна гIо дийриг хиларх а, ткъа пачхьалкхан даржашка болчу кандидатийн хьалха хIиттийна декхарш кхочушдан керла некъаш, кепаш, хьежамаш хирг хиларх а», – билгалдаьккхина регионан Куьйгалхочо.
Д.АЛЬВИЕВ
№89, лахьанан (ноябрь) беттан 20-гӀа де