ХIинццалц Таймин Биболатан тIаьхьенех, цIийнах болчу нахана бен хууш дацара нохчийн халкъан исторехь мехала маьIна лелийначу, къоман турпалхочун Таймин Биболатан каш мичахь ду а, иза дIа мичахь воьллина а.

ХIокху деношкахь «Даймохк» газетан журналистан аьтто белира турпалхочун ялхолгIачу чкъурах волчу Бибиев Аюбаца цхьаьнакхета.
Цо дийца дийзира, (суьрта тIехь ган а гайтира) цуьнан каш, цунна хIоттийна чурт мичахь ду. Цуьнга иза дийцина цуьнан девашас Бибиев Дадаша.
Джабраилан кIанта Дадаша дийцарехь, 1944-чу шарахь нохчий махках бахале хьалха иза шен дедеца Исраилца цхьаьна Биболатан коша тIе «Ясин» деша Илсхан-Юьртара БIачи-Юьрта некъаца долчу ширачу кешнашка воьдуш хилла. ДоьгIна тIулгийн жима чурт хилла.
Вайн халкъ махках даьккхича, кошан барз дIашарбелла, чурт дIадаьлла. Дадаш тахана а Илсхан-Юьртахь Iаш ву.
Таймин Биболатан цIийнан наха каш хиллачу метте хIинца доккха чурт хIоттийна.
№89, лахьанан (ноябрь) беттан 20-гӀа де