Нурадиловн театре Бальзаминов «веанера»

сканер

Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман драматически театрехь А.Н.Островскийн «Свадьба Бальзаминова» пьесин буха тIехь хIоттийна комеди гайтира. Цуьнан режиссер-постановщик Россин Федерацин искусствон хьакъволу г1уллакххоГорник Дмитрий ву. Спектаклан исбаьхьаллин куьйгалхо – Нохчийн Республикин искусствон хьакъйолу г1уллакххо Ахмадова Хьава.

Оьрсийн литературин классикин къегина говзар ю «Свадьба Бальзаминова». Ша комедин жанрехь елахь а, х1оразза а режиссеран а, актерийн а похIманех доьзна, жоьпалла хуьллу иза хьовсархойн кхиэле йилла.

Спектаклан хьалхара миноташ йолаяларца тапп-аьлла тийналла хIоьттира зала чохь. ГIарабевллачу а, къоначу а актераша Н.Островский ваьхначу заманан сурт кхачам болуш дика гойтура. Пьесин коьртачу турпалхочун Бальзаминов Михайлан роль Р.Умаровс ловзийра, цуьнан ненан Бальзаминова Павлан роль – Нохчийн Республикин халкъан артисткас А.Муртазалиевас, йисина Iаш йолчун ролехь Нохчийн Республикин искусствон хьакъйолу г1ллакххо Хь.Ахмадова яра. Т1аьхьалоне ваьккхинчу эпсаран Чебаков Лукъянан роль Нохчийн Республикин халкъан артист Х-Б.Исраиловс ловзийра. Ткъа гIуллакх дан чухIоьттина йолчу ПеженовгIеран йоьIан Химкин роль шел дика а, самукъане а ловзор йоцуш, дика ловзийра Нохчийн Республикин хьакъйолчу артисткас С.Ахмутхановас. Иштта цхьамогIа артисташ бара цигонийн тобанан декъашхойн ролаш ловзош. Спектаклан исбаьхьаллин-постановочни декъехула вара театран коьрта режиссер, Россин Федерацин халкъан артист Р.Хакишев,  литературин-драматически декъан куьйгалхо Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхахо Х.Берсанукаева, труппин заведующи Нохчийн Республикин халкъан артист 1.Джамаев вара.

Спектакль оьрсийн маттахь яра. Цуьнан дика аг1о иза иштта хилар яра. Вайн республике баьхкинчу хьешашна а гайта аьтто бара иза.

Горник Дмитрийс Нохчийчохь дуьххьара ца х1оттийнера «Свадьба Бальзаминова»  спектакль. «Серло» театрехь  ши спектакл х1оттийнара цо. ХIара кхоалгIа болх бу Москварчу режиссеран. Театроведа  Берсанукаева Хедас дийцира: «Горник Дмитрийс нийсса баттахь сов къахьийгира театран актерашца. Нохчийн къоман вад, культура йовза кхиъначу оьрсийн режиссерана хазахета нохчийн актерашца болх беш. «Свадьба Бальзаминова» спектакль гайтарца Нохчийн къоман Х.Нурадиловн  драматически театро шен 84-гIа мур «дIакъевлира».

Нохчийн актераш говза а, похIме а бу. Н.Островскийн дош а, ойла къеггинчу васташкахь гайта хиира царна. Хьовсархой дукха резахилла хилар бара спектаклана.

З.ХИЗИРОВА

№ 67, еара, 18 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: