Регионна урхалла даран туьшо болх жигарабаьккхина

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун Таймасханов ГIаласан куьйгаллица видео-конференц-зIенехь дIаяьхьначу кхеташонан жамIашца Нохчийн Республикин регионна урхалла даран туьшо дIадолийна Нохчийчоьнан ерриге а кIошташка дIа а лелаш, цигахь белхаш бар.

Нохчийчоьнан регионна урхалла даран туьшан куьйгалхо Ибиев Iадлан хIокху деношкахь цхьаьнакхийтира Хьалха-Марта муниципальни кIоштан администрацин куьйгалхочун заместительца Заурбеков Ризванца.

Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира кхидIа а цхьаьна болх баран, юханехьа зIе хилийтарехь бечу меттигашкахь шаьш урхалла даран органийн белхан рейтинган хьокъехь долу гIуллакхаш.

Иштта, Хьалха-Марта гIалин урхалла даран муниципальни туьшан 2021-чу шеран белхан статистика а йира.

Таймасханов ГIаласа кхеташо дIаяьхьначул тIаьхьа цу тайппана цхьаьнакхетарш дIахьур долуш ду республикин муниципальни кIоштийн берриге а куьйгалхошца. Дийцарехь, и цхьаьнакхетарш хаддаза дIахьур долуш ду.

Цо, шеко йоццуш, дуккха а тодийр ду кIоштийн а, республикин а урхаллин туьшаша цхьаьна гIуллакхдар.

№90, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: