СССР-н халкъан артистан Магомаев Муслиман иэсана лерина дуьненаюкъара «Орфей–2021» IV-гIа конкурс-фестиваль дIаяьхьира Д.Омаевн цIарахчу Соьлжа-ГIаларчу даздарийн цIийнехь.

Нохчийн Республикин культурин министерствон методикин а, финансийн а, вовшахтохараллин а гӀоьнца къоман «Культура» проектан регионан «Нохчийн Республикин кхоллараллин нах» проект кхочушъяран гурашкахь дIаяьхьира конкурс-фестиваль.
ПохӀма долчу кегийрхойн кхоллараллин агӀонаш кхиор а, музыкин искусствехь болу кхиамаш вовшашна бовзийтар а, дуьненахь гӀараваьлла хиллачу СССР-н халкъан артистан Магомаев Муслиман кхолларалла карлайоккхуш, цуьнан иллешна тӀе тидам бахийтар а яра фестиваль-конкурсан коьрта Ӏалашо.
Россин субъекташкара а, кхечу пачхьалкхашкара а 18 шарера 35 шаре кхаччалц хенаш йолу музыкин кхерчашкара студенташ а, культурин белхахой а бара конкурсехь дакъалоцуш.
Ларамечу хьешашна юкъахь яра Нохчийн Ресубликин Культурин министр Кадырова Iайшат, ткъа иштта, республикин кхоллараллин а, культурин а, искусствон а интеллигенцин векалш.
Жюрин председатель вара Россин а, Украинин а хьакъволу артист, дуьненаюкъарчу конкурсийн лауреат, Москварчу Е.Колобовн цIарахчу «Новая опера» театран солист, профессор, вокалан хьехархо Шеремет Сергей.
Конкурсан «СОЛО» номинацехь хьалхарчу даржан лауреат хилира Хь.Касаева а (Нохчийн Республика), З.Куц а (Краснодар), шолгIачу даржан лауреат – Т.Черепкова а (Саратовн область), А.Клементс а (Латви), В.Степанян а (Ставрополь), кхоалгIачу даржан лауреаташ хила аьтто белира В.Зубайраевн (Нохчийн Республика), К.Волкован (Къилбаседа ХIирийн-Республика), А.Казанкинан (ГIезалойн Республика), М.Антакован (Ростовн область).
Гран-при совгIат делира А.Апшаевна(ГIебартойн-Балкхаройчоь).
Толамхой билгалбевллачул тIаьхьа, «Орфей» фестиваль-конкурсан декъашхоша концерт гайтира.
ВЕГИЕВА Макка
№90, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гӀа де