Къоначу хьажархочун театрехь – керла спектакль

Нохчийн Республикин Къоначу хьажархочун театрехь тайнигийн керла спектакль йовзийтира.

Нохчийн Республикин халкъан артистан Хакишев Русланан «Йинчу денца, Лохматик!» пьеси тIехь режиссера-хIотторхочо Шахгиреев Рустама сценари язйина спектаклана.

Ролаш ловзош бу республикин хьакъболу артисташ Юнусов Махьмуд, Такаева Фатима, Цыбаева Таиса, Гермиханова Седа.

Музыкица а, самукъанечу, сингаттамечу сценарешца а къагийна ю спектакль. Лохматик – иза хьуьнхахь акхарошца бертахь цхьаьна ехаш ча ю. Цуьнан йинчу дийнах лаьцна ю спектакль.

Iуьйрре, шен доттагIашка, накхармозешка телефон а тухий, мезан торт йе олу цо. Шен доттагIашца-акхарошца, дезде даздан кечамаш беш хуьлу Лохматик.

Накхармозаша новкъаяьккхина торт нийсса новкъа дIа ца кхочу. Маша цIе йолчу йоIанна карайо иза. Оцу торта тIехь долчу адресца совгIат дIадахьа сацам бо йоIа. Амма, новкъахь цунна тIенисло хIиллане цхьогал а, догдика пхьагал а.

Лохматикана йина торт схьаяккха гIерташ долчу цхьогалан хIилла чекх ца долу. Эххар а, и торт яархьама, йинчу денца декъал а еш, ча йолчу доьду иза. Маша а, пхьагал а, накхармозий а кхочу ченан хIусаме. Хьеший безаш тIеоьцу Лохматика.

Керла спектакль тIеоьцуш, цуьнан мах хадош, кхачамбацарш билгалдохуш яра республикин Культурин министерствон экспертийн кхеташо.

Актераша ролаш дика ловзорна а, музыка йогIуш хиларна, духаршна а, сцена кечъярна а реза хилира эксперташ.

Иштта, спектаклан чулацам а бара берашна доттагIалла, марздеш. Делахь а, жимма кхачамбацарш а дара спектаклехь.

Театран директора, Нохчийн Республикин халкъан артисткас, режиссера-хIотторхочо Муртазалиева Асета баркалла элира кхеташонан декъашхошна.

Кхачамбацарш дIа а даьхна, кестта, къоначу хьажархойн кхиэле юьллур ю спектакль.

М.ГЕРЗЕЛИЕВА
№90, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: