Гуьмсан районан больнице дарба лаха веанера оцу районан Комсомольски юьртара вахархо Тазаев Абубакар. Стим чохь тIулгаш хиллера цуьнан.
– Лоьраша деш дерг доккха гIуллакх ду Делера ял а, адамашкара баркалла а, хуьлу царна. Соьга а, цу больницехь болчу кхечу дархошка а чIогIа дика хьаьвсира уьш.
Суна баркалла ала лаьа больницин лоьрашна Адаев Мусана, Сайдулаев Адамна, Абзотов Русланна, Бекмурзаев Султанна, Алимханов Асланна, медйижаршна: Темиева Жарадатна, Мимиева ПетIаматна, Шахабова Альбинина, Юсупова Маретна, анестезиологна Вадалов Лом-Iелина. Сан чов йирзина яллалц иза дIайоьхкуш, цIанъеш гуонаха хьийзинчу Баширова Хедина, Астаханерчу медицинин институтера кхуза практике яийтинчу студенткина Джамулаева Iайшатна.
Дела реза хуьлда царна массарна а. Шайн балха тIехь кхиамаш, доьзалехь ийман-беркат ма эшадойла царна. Дала адамийн догхьостуш, къинхетаме, дика хаарш долу лоьраш ма эшабойла вайна, – элира Тазаев Абубакара.
З.САГАЕВА
№ 67, еара, 18 июнь, 2015 шо