Нохчийчоьнан телерадиокомпанеша шайн аудиторин тешам ларбо

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикин телевиденийн белхахой декъалбира шайн корматаллин дезачу денца.

«Дерриге а дуьненарчу телевизионхоша билгалдоккхуш ду хIокху деношкахь шайн корматаллин де. Иза Iаламат мехала а, оццу хенахь чIогIа чолхе а, жоьпалле а корматалла ю. Цо лоьху, шен ойла хаза йовзийтина ца Iаш, энциклопедин кIорггера хаарш хилар, психологан говзалла хилар, ткъа иштта, адамаллин дика амалш, хьанал, цIена, оьзда, гIиллакхе, шениг дитина, дог цIена нехан гIуллакхаш дан кийча хилар», – яздина Кадыров Рамзана социальни сетерчу шен агIонехь.

Цо билгалдаьккхира, иттаннаш шерашкахь телевидени вайн хIора дийнан дахаран мехала дакъа хилла лаьтташ хилар.

Дерригдуьненан интернетан маша сиха кхуьуш хиларе хьаьжна ца Iаш, иза тахана а ца хилча йиш йоцург ю.

«Сийначу экранера вайна бевза экономикехь, политикехь, социальни декъехь, культурехь, спортехь хуьлуш болу мехала хиламаш. Ас боккхачу сий-ларамца дуьйцу нохчийн телевиденийн белхахойн хьокъехь. БIешерийн зилехь уггаре а хала, чолхе беанчу муьрехь вайн махкахь маьрша дахар дIахIотторехь доккхачу маьIне лорура церан болх. Цара шайн декхар сийлаллица кхочуш а дира. Цара дуьйцура баккъал а долуш долчу хьолах лаьцна. Къийсам дIахьора вайна хийра йолчу идеологица. Кегийрхой Iамабора, кхетош-кхиабора вайн гIиллакхашкахь, Iадаташкахь, ламасташкахь, динан мехаллашкахь, Даймахке безам болуш», – яздина регионан Куьйгалхочо.

Цо дийцарехь, тахана Нохчийчоьнан телерадиокомпанийн кхузаманан материальни-техникин база ю.

Нохчийн телевиденешкахь белхаш беш бу бакъболу говзанчаш, уггаре а коьртаниг – бакъболу патриоташ, боху Кадыров Рамзана.

«Шен аудиторин тешам буьззина ларбо цара, кхочушбо сатийсамаш а. Ас чIогIа воккхаверца корматаллин дезачу денца декъалво Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Дудаев Ахьмад а, «Некъ» телерадиокомпанин директор Шахидов Адам а, «Соьлжа-ГIала» нохчийн пачхьалкхан телерадиокомпанин директор Ахмадов Чингиз а, ткъа иштта, «Вайнах» пачхьалкхан телерадиокомпанин директор Веселаева Рузана а, телевиденийн берриге а белхахой а. Лаьа церан кхиамаш а, аьтто а хуьлийла», – яздина Р.Кадыровс.

Д.АНАДЕВ
№90, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: