ГаланчIожан кIошт: селхане, тахане, кхане

«Чолхе», «лазаме» истори йолуш ю ГаланчӀожан кIошт. Нохчийн автономин областана юкъахь и кхоьллина 1925-чу шарахь.

Цул тIаьхьа, 4 шо даьлча, 1929-чу шарахь, дIаяьккхина и. МеттахIоттийна 1935-чу шарахь, Нохчийн а, ГIалгIайн а автономийн областаш вовшах а тоьхна, царах НохчГIалгIайн АССР кхоьллинчул тIаьхьа.

Кхин а 9 шо даьлча, нохчийн халкъ махках даьккхинчу 1944-чу шарахь, юха а дIаяьккхина кIошт, латтанаш Грозненски областан Итон-Кхаьллан а, Соьлжан а, ТIехьа-Мартан а кIошташна дIаса а доькъуш.

1992-чу шарахь Ичкерин Iедало юха а меттахIоттийна иза. Амма, оццу Ичкерин Iедало, Конституци тIе язйина хиларал сов, иза баккъал а меттахIотторехь дина хIумма а цахиларца доьзна, 1997-чу шарахь юха а дIаяьккхина кӀошт.

ТIаьххьара иза а, цуьнца цхьаьна ЧIебарлойн кIошт а меттахIоттийна 2012-чу шарахь. Шина шарахь Конституци тIехь язйина бен йоцчу шина кIоштан гIуллакх мелла а айъира 2014-чу шарахь. Оцу шарахь, республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца, «ГаланчIожан а, ЧIебарлойн а кIошташ меттахIитторан гIуллакхашкахула йолу пачхьалкхан комисси» кхоьллира.

Делахь а, ГIалгIайчоьнца долу доза къастийна цахиларо ГаланчIожан кIошт меттахIоттор а, Дагестанца долу доза къастийна цахиларо ЧIебарлойн кIошт меттахIоттор а юха а сацийра.

2018-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 26-чу дийнахь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, ГIалгIайчоьнан Куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека а шина республикина юкъара доза къасторан хьокъехь барт бар бахьана долуш, ГаланчIожан кIошт меттахIотторан гIуллакх юха а айъира.

Цуьнца нийса а догIуш, дан лерина а, деш а дуккха а гIуллакхаш ду: меттахӀотточу ГаланчIожан кIоштан Эна-Хишкан а, ТIехьа-Мартан а, Хьалха-Мартан а, Шуьйтан а, Итон-Кхаьллан а кIошташца долу доза къастор, кIоштахь автомобилийн некъаш дахар, ток а, газ а йигар, яртийн администрацийн гIишлош а, маьждигаш а дар, тӀеш тахкар. Иштта, меттахIиттош ю кIоштара культурин а, архитектурин а тIаьхьалонийн объекташ.

«Вайн республикин хIара исбаьхьа меттиг еххачу хенахь тесна йитина ю. Кхузара адамаш 1944-чу шарахь охьадаьхна, нохчийн халкъана тIехь таIзарш дечу хенахь. Хьал хийцадала доладелла 2007-чу шарахь. ХIетахь, ГаланчIожан кIоштан оьмарехь дуьххьара кхузахь некъаш дахкар дIадолийра вай. И белхаш жигарабехира кхо шо хьалха, коьртехь Даудов Мохьмад а волуш, леррина Каде штаб вовшахтоьхча», – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Дуьненан а дог Iовжжол шен латто лайначу къизаллица а, бохамца а «евзачу» Хьайбахахь (дийна воллушехь 700 сов стаг вагийна цигахь 1944-чу шарахь, нохчийн халкъ махках доккхуш) иэсан хIоллом хIотторан хьокъехь сацам а хилла республикин Куьйгалхочун.

«1944-чу шеран чиллин (февраль) баттахь инзаре къиза зулам дина кхузахь. НКВД-н зуламхоша Хьайбахахь, дийна боллушехь, меттигера бахархой багийна», – элира Кадыров Рамзана.

Цо тIедиллира оцу бохамехь кхелхинчеран сийнна хIоллам бар.

И.АДАМОВ
№90, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: