Керла-Шоьнахь берийн беш схьайиллина

Россин Федерацин цхьа а субъект яц Нохчийчоь санна, бахархойн барам сиха алсамболуш. И бахьана долуш, Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос еш а, йина а, дуккха а социальни объекташ ю.

Церан могӀарехь ю Гуьмсан кӀоштарчу Керла-Шоьнахь хӀокху деношкахь схьайиллина 140 берана меттиг йолу берийн беш. 2 гӀатт долу берийн беш вовшашца хотталучу массех корпусах лаьтташ ю: дешаран а, администрацин а корпусаш, спортан а, гуламан а залаш, кхачанан чоь, медицинин дакъа.

Цул сов, кхузаманахьлерчу лехамашца догӀуш долу хьелаш а кхуллуш, кхетошкхиорна а, спорте марздарна а аьттонаш бина.

Юьртан бахархой баккхийбина ца бовлу шайна динчу совгӀатах. Цара дийцарехь, берийн беш оьшуш йолу дуккха а хан яра, хӀунда аьлча, хӀинццалц цигахь цхьаъ бен хилла йоцу берийн беш, тоьаш яцара, денна а шорлуш, кхуьуш йогIучу юьртана.

УьйтӀе кечйина, ловзаран 7 майда а еш. ХӀора майданахь тховкӀелонаш а йина. КетӀе а, тойина берашна тӀаьхьабогӀучу дай-наношна а, белхахошна а, хьешашна а машенаш дӀахӀиттайойла а еш.

Берийн беш схьайоьллучохь дакъалецира НР-н Правительствон школал хьалхарчу дешаран комитетан куьйгалхочо Джунидов Асланбека а, Гуьмсан кӀоштан куьйгалхочо Магамадов Хьамзата а, юкъараллин гӀуллакххоша а, юьртан бахархоша а.

Дагадоуьйту берийн беш «Белхан меттигаш нисъярехь гӀо-накъосталла дар» проектан а, иштта, къоман «Демографи» проектан а гурашкахь йина хилар.

Берийн беш схьаеллар бахьана долуш, 60 керла белхан меттиг а кхоллаелла меттигерчу бахархошна.

А.КАНТАЕВ
№90, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: