Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтан Дешаран-хаамийн технологин туьшан белхахой «desharho.ru» сайт вовшахтухуш бу карарчу хенахь.

Оцу туьшан куьйгалхочо Магомшарипова Фатимас дийцира шаьш бечу балхах лаьцна: «2020-чу шарахь ун даьржича, дуьнен чохь массанхьа а санна, вайн республикехь а хьашт хилира дешархошна лерина йолу дешаран сайт. Дешархошна «электронни школа» олучу хьесапехь дешарна тӀехь гӀо даран майда ю иза. Вайн яра «UROK95» сайт, делахь а, дешархошна дарсаш кхочушдан тоьш бацара цуьнан ницкъ. Цу хенахь Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министр лаьттинчу Байсултанов Идрисана хиира дешархошна лерина Россехь оьрсийн меттан а, математикин а, географин а, кхечу муьлххачу предметашкахула ма-хиллара, нохчийн моттий, литературий Ӏаморхьама, дарсаш кхочушдан керла сайт ца хилча ца йолийла».
Иштта, Россехь пайдаоьцуш лелош йолчу сайтийн хьесапца вайн дешархошна сайт кечъян буьйлабелира уьш.
Россин «Я – школа» сайтах пайда а оьцуш, хьехархо, дешархо, да-нана цхьаьнатухур долу сайт вовшахтухуш тоба билгал а яьккхина, оцу тобанна хьалха Ӏалашо а хӀоттийна дӀахьош бу цара шаьш тӀелаьцна жоьпаллин болх.
Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата лерринчу тидамехь латтош бу Дешаран-хаамийн технологин туьшан болх.
Россин дешаран сийлахь белхахой, Нохчийн Республикин школашкара нохчийн меттан а, литературин а тоьлла хьехархой: Пайтаева Хадижат а, Джамиева Сахьабат а, Ильясова Зина а, Абуева Товман а, Нухаева Зарган а ю дешархойн электронни школин программина оьшуш йолу коьчалш вовшахтухуш.
Иштта, белхан дика накъостий бу Дешаран-хаамийн технологин туьшан белхахо, редактор Мурадов Ӏела а, сайтан администратор Тасуев Тамерлан а, оператор Умхаев Мохьмад а.
ХӀинцале 1–5-чуй классийн дарсаш а, тӀедахкарш а кечдина цара. Цул сов, берашна дезалур долу «Ловзуш Ӏема» приложени а йиц ца йина цара.
Карарчу хенахь кечйина материалаш толлуш ю. Цул тӀаьхьа «desharho.ru» сайта тӀе йохур ю уьш.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№90, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гӀа де