Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Шела гIали юккъехь «Ахмат» цIенойн керла комплекс ян йолоран юьхь даздаран хьолехь дIайолийра хIокху деношкахь.

Европехь а уггаре а доккха долчу «Бусалбанийн дозалла» маьждигана уллехь хир ду кхузаманан петарийн цIа. Оцу цIийнан бух ботта болош, цо цу буха чкъуьйриг (капсула) йиллира.
Шен къамелехь Р.Кадыровс билгалдаьккхира Шелан кIошто тIаьхьарчу хенахь массо агIор кхиарехь дика кхиамаш бохуш хилар.
«Со баккъал а доггаха воккхавево Шела гIалано тIаьхьарчу шерашкахь социально-экономикин кхиарехь баккхий кхиамаш бохуш хилархо. ХIусамашна цIенош дар хIайтараллин боларшца дIадахьарца цхьаьна, кхузахь сиха кхуьуш ю бизнес, АПК, промышленность. ЖамIаша тешам кхуллу герггарчу шерашкахь Шела вайн республикин уггаре а кхиъначу гIаланех цхьаъ хилла дIахIуттург хиларх», – элира цо.
Оцу даздарехь дакъалоцуш хиллачу Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолчу Отделенин урхалхочо, Шелан секторан куратора Ахмадов Мохьмад-Эмис баркалла элира Кадыров Рамзанна республика а, цу юкъахь Шелан кIошт а социально-экономикин кхиорна кхачоярна.
«Ахьмад-Хьаьжин Рамзана мел деш дерг нохчийн халкъан а, цуьнан тIаьхьенийн а зовкхан дуьхьа деш ду. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин новкъахь дийнахь а, буьйсанна а къахьоьгуш ву Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, регионан хIора а вахархо кханалерчу дийнах тешна хилийтархьама, аьхначу дахаран ерриге а бегIийлех цуьнга пайдаэцийтархьама», – элира цо.
Иштта, Р.Кадыровс баркалла элира М-Э.Ахмадовна балхана жоьпаллица тIевахарна.
«Тешна ву, ницкъаш цхьаьна а тоьхна, вай кхин а алсам инвестицеш гIала кхиорна юкъаозориг хиларх а, кIоштан берриге а бахархойн дахар дикка тодийриг хиларх а», – тIетуьйхира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
«Ахмат» хIусамийн цIенойн комплекс петарш йолчу 5 цIийнах лаьтташ хир ю. ХIора а цIа 25 гIатт долуш хир ду. Оцу комплексехь 960 петар хир ю. Билгалдеш ду кхуззахь бахархойн аьттонна ши тIегIа долуш паркинг яр. Цига 408 машен дIахIотто аьтто хир бу.
Д.ПАШАЕВ
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 27-гӀа де