12-чу июнехь Кегийрхойн цIийнахь Къилбаседа Кавказан федеральни округан Литературин хьалхара Универсиадин толамхой билгал а бохуш, оццу Универсиадин гурашкахь хилла къоначу литераторийн форуман болх берзийра.
Даздаршкахь дакъалецира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран заместитела Мисербиев Садос, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас, цуьнан заместитела Мамакаев Эдуарда, кхечара.
Универсиаде баьхкинчу хьешаша а, иза вовшахтоьхначара а баркалла элира цуьнан дакъалацархошна цара Россин литература кхиорехь дакъалацарна. Мисербиев Садос билгалдира, литература вайн юкъараллина доккха маьIна долуш хилар. «Литературо адамна дикачу агIор тIеIаткъам бо, цуьнан хьекъалан таронаш совйоху, ткъа къоначу яздархоша а, поэташа а литературина юкъа шайн хазна йиллина ца Iаш, цигахь дакъалацарца шайн нийсархошна дика, беркате масал гойту».
Литературехь, кхоллараллехь тоьлларг а, эшнарг а хуьлуш а ца хуьлу, хIора болх, говзар шатайпа хаза, чулацаме хуьлу.
ЖамIаш дича хиира, «поэзия» номинацехь хьалхара меттиг Семенов Ярослава, шолгIа меттиг Ахбулатова Фатимас, кхоалг1а меттиг Урусова Залинас яьккхина. «Проза» номинацин толамхой бара:
– Хьалхара меттиг яьккхира Мамедова Влада, шолг1а меттиг – Проценко Ольга, кхоалг1а меттиг Умарова Асет.
Литературин Универсиадин толамхошна дипломаш а, мехала совгIаташ а делира. Иштта оцу универсиадин берриге а дакъалацархошна а дира совгIаташ.
Дагадолийта лаьа, Къилбаседа Кавказан Федеральни округан Литературин хьалхара Универсиада Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос вовшахтоьхнера Россин Федерацин СКФО-хь йолчу векалаллин кегийрхойн политикин Советан, ткъа иштта, кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу Федеральни агенствон гIоьнца.
И санна йолчу Литературин Универсиадаша а, форумаша а гIодо къоначу литературийн похIма кхиорехь а, литератураезархойн могIарш алсамдахарехь а.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Авторан сурт
№ 67, еара, 18 июнь, 2015 шо
