Дийцаре дира газ тасаран а, ял яларан низам тодаран а хьокъехь долу гIуллакхаш

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана йоккха кхеташо дIаяьхьира Нохчийчуьрчу ярташка газ тасар кхидIа а дIадахьаран, цIеношна а, лаьттан дакъошна а хьесапе эцаран тептарш кечдаран, ткъа иштта, ял яларан низам лардаран хьокъехь долу гIуллакхаш дийцаре деш.

И мехала гIуллакхаш дийцаре дарехь дакъалецира Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, Нохчийчоьнан Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Таймасханов ГIаласа, республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас, кIоштийн администрацийн, секторийн куьйгалхоша, кхечара.

Оцу дакъошкахь беш болчу белхан хьокъехь доклад йира Кадечу штабан куьйгалхочо М.Даудовс.

«2021–2022-чуй шерийн муьрахь кхи тIе а газ тасаран чIагIйинчу юкъарчу план-графикца нийса а догIуш, билгалдеш ду 4 619 цIенна тIе газ йигар. Газ йигна йолчу 193 юьртахь бан безаш бу и болх. Цул сов, кхитIе а газ тасаран программина юкъайогIуш йолу кхин а 7 808 объект гучуяьккхина. Амма церан ЕГРН-хь хьесапе (регистраци) эцаран хьокъехь кехаташ дац. Лаьттан дакъошна а, цIеношна а бакъо хилар чIагIдеш долу тептарш кечдар чекхдаьллачул тIаьхьа дIахьур ду газ тасаран юкъарчу операторан портале заявкаш ялар. Иштта, гучудаьккхина ЕГРН-хь хьесапе эцна доцу 66 630 лаьттан дакъа. Царах 5 668 наха шаьш (бакъо йоцуш) дIалаьцна ду. Царах 483 декъа тIехь цIенош дина, 155 декъа тIехь цIеношна бух боьттина», – бохура цо.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира лаьттан хьокъехь долчу гIуллакхан гуттаренна а цкъа йист яккха езаш хилар.

«Вай дукхазза а дина законехь доцуш гIишлош йиначарна луург. Царна хан елла оьшуш тептарш кечдан. Тахана а ира, йист ца йоккхуш дуьсуш ду и гIуллакх. Иза чекхдаккха деза, оцу декъехь долу дерриге а кхачамбацарш дIадаха деза, хьал хила деззачу хьоле дало деза», – элира цо.

М.Хучиевс шен докладехь билгалдаьккхира ял яларан низам тоделла хилар.

«Электросерлонан а, газан а комплексашна модернизаци а, реконструкци а ярехьа дечу гIуллакхаша тIаьхьарчу шерашкахь дика тIаьхьенаш елла. Электросерлонан хьашташ кхочушдаран декъехь ял яларан барам 2016–2017-чуй шерашкахь хиллачу 60–70 процентана тIера хIинца 90 проценте кхаччалц хьалабаьлла. Газана кхачоярехь 2016–2017-чуй шерашкахь хиллачу 50–60 процентана тIера хIинца 83 проценте кхаччалц хьаладаьлла ял ялар. Иштта толуш ду газан харж ярехь галморзахалла хиларан хьал. 2017-чу шарахь иза 42 проценте кхочуш хиллехь, хIинца 15 процент ду. Оцу дерригено а гойту хьашташ кхочушдаран дикалла лакхаяларца, ял яларан низам а толуш хилар», – билгалдаьккхира цо.

«Чеченгазпром» АО-н генеральни директора Баймурадов Бай-Iелас дийцарехь, газан цхьайолу биргIанаш ширъелла хиларна, газ дIасаяларан дикалла хила езачул лахара ю.

«Республикехь гидравликин хьесапаш доцуш, ханна ехкина шира биргIанаш ю хIинца а. И бахьанехь хьаштахошна буьззинчу барамехь газ дIакхачо аьтто ца хуьлу. Меттигаш нисло газан биргIанах шайн лаамехь нах тIехотталуш…», – бохура цо.

Р.Кадыровс тIедиллира газах, электроселонах яллане а ял ца луш берш, 2022-чу шеран оханан (апрель) баттахь йовхонца кхачояран мур чекхбаьлча, газах а, электроселонах а дIахадор.

«ХIусамийн-коммунальни хьаштех пайдаэцарна ял яла аьтто боцчарна вай гIо до, субсидеш ло, гIоленаш йо. Иштта, коммунальни хьашташ кхочушдарна дIадала билгалдина ду 4874,4 миллион сом, цунах 4 256,5 миллион сом хIинцале дIаделла. Лахьанан (ноябрь) баттахь республикерчу 270 эзар сов стага оьцур ду субсидеш», – элира регионан куьйгалхочо.

Кхеташо ерзош Р.Кадыровс тIедиллира 2022-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 15-гIа де тIекхачале хьесапдаран гIирсаш дIахIитторан болх чекхбаккхар, ширъелла биргIанаш хийцар, тояр, декхарш дIатакхийтаран болх тобар, закон талхош дIалецначу лаьттан дакъойн а, динчу цIенойн а йистъяккхар.

Д.АНАДЕВ
№91, лахьанан (ноябрь) беттан 27-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: