Нохчийчоьнан Парламентехь вице-премьераш а, министраш а шайн даржашкахь чIагIбина

Нохчийн Республикин Парламентан рогIерчу кхеташонехь, коьртехь законашдахаран органан спикер, Россин Турпалхо Даудов Мохьмад а волуш, дийцаре дира 55 гIуллакх.

Царна юкъахь дара Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикин Правительствон тайптайпанчу даржашка хьалхатеттинчеран кандидатураш йийцаре яран хьокъехь долу гIуллакх а.

Иштта, депутаташа, цхьабарт болуш, къобалдира Тагаев Султанан кандидатура Нохчийчоьнан Правительствон Председателан заместителан финансийн министран дарже хьалхататтар. Иза оцу даржехь чIагIвира цара.

Цу тайппана республикин Правительствон вице-премьеран даржехь чIагIвира Сулейманов Эльхан, экономика а, мохк а кхиоран, махлелоран министран даржехь – Шаптукаев Рустам, промышленностан а, энергетикин а министран даржехь – Хакимов Адам.

Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьалхатеттина кандидаташ Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас вовшахтоьхначу командин хьакъ боллу декъашхой хилар, дика говзанчаш хилар, хьалхахIиттийна декхарш кхочушдарна жоьпаллица, хаарца тIебахарца билгал хилар.

Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада дIахьедира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шайна белла тешам цара ларбийриг хиларх а, Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь цара кхул тIаьхьа а хьакъ ма-дду къахьоьгург хиларх а ша тешна хилар.

Законаш дахаран органан депутатийн а, шен а цIарах цо даржашка хIиттийнарш даггара декъалбира, дIахаийтира церан балхахь баккхий кхиамаш хуьлийла шайна лууш хилар.

Иштта, депутаташа Нохчийчоьнан Счетни палатин керла аудитор хIоттийра Гаербеков Мохьмад, Нохчийн Республикин ши закон тIеийцира: «Нохчийн Республикехь дикачу хIух долу даьхнилелоран хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин Законан 9-гIа статья ницкъ боцуш лараран хьокъехь», «Нохчийн Республикехь культурин а, спортан а хьокъехь».

Цул сов, федеральни законийн, законодательни дIадолорийн, кхайкхамийн 45 проект къобалйира.

«Нохчийн Республикин махкахь граждански оборонин хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин законехь хийцамаш баран хьокъехь», «Нохчийн Республикин къоман политикин хьокъехь» Нохчийн Республикин Законийн проекташ цкъа ешна тIеэцна.

С.АЛЬВИЕВ
№92, гӀуран (декабрь) беттан 1-ра де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: