Къинхьегаман а, балха нисбаран а, социальни кхиоран а министерствехь дIадаьхьира Ненан денна лерина даздаран гIуллакхаш.

Ведомствон пресс-службехь дийцина ма-хиллара, цига кхайкхинера 9 а, цул алсам а бераш кхиош йолу 40 гергга нана.
Уьш даггара декъал а бира, цаьрца цхьаьна а кхийтира, къамел а дира Нохчийчоьнан Къинхьегаман, балха нисбаран, социальни кхиоран министра Баширов Iусмана.
«Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарах ас наной декъалбира Нанойн дезачу денца, дIахаийтира церан ондда могашалла, ирс, доьзалшкахь аьтто, беркат хуьлийла тхайна лууш хилар», – билгалдаьккхира I.Башировс.
Иштта, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан президента Кадырова Айманис даийтина ахчанан совгIаташ а, зезагийн курсаш а дIаелира министра кхуза кхайкхинчу наношна.
Цунах чIогIа самукъадаьлла, баккхийбеш бара дукха бераш долу наной.
Хь.САИДОВ
№92, гӀуран (декабрь) беттан 1-ра де