Кадыров Рамзан: «Вайн гIишлошъярхой доггаха хасто хьакъ бу»

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Соьлжа-ГIалахь еш йолчу цхьамогIа гIишлошка хьожуш, цигахь бечу белхан мах хадош, оьшучохь хьехар деш чекхвелира.

Цкъа хьалха иза «Минутка» майданахь еш йолчу гIишлоне хьажа вахара.

«ХIара башха объект ю. Тайп-тайпана лакхалла йолчу шина корпусах лаьтташ йолу иза Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу проспектехь ю. И ши гIишло вовшах хутту исбаьхьачу, вуно йоккхачу нартоло. ГIали юккъе вогIуш шатайпа ков хир ду иза. Проект кхочушъяр чаккхенан тIегIане кхаьчна», – яздина социальни сетехь йолчу шен агIонехь Кадыров Рамзана.

«Минутка» майданарчу оцу гIишлонна дуьхьал йолчу меттехь деш долчу маьджиге а хьаьжира республикин Куьйгалхо.

ЖамаIатехь 3 эзар стаге ламаз далур долуш, кхидолу Iамал-Iибадат далур долуш ду и маьждиг. Шела гIалахь динчу «Бусалбанийн дозалла» маьждигах терра ду иза, жима делахь а.

16 гIатт долчу кхузаманан адамаш чохь Iачу, шена чохь 160 петар йолчу комплексаца йогIуш архитектурин ансамбль хир ю маьждиг. И проект кхочушъяр юьхьанцарчу тIегIанехь ду хIинца а. Цул тIаьхьа Кадыров Рамзан хилира гIали юккъехь, хьалха базар хиллачу меттехь еш йолчу керлачу микрокIоштахь.

«ХIара йоккха комплекс хир ю. Кхузахь эзар гергга петар хир ю. ЧIогIа бегIийла йолчу, аьтто болчу меттехь ю иза. Юххехь керла школа а, берийн беш а ю. Говзанчаша кхиамца чекхбаьхна (нулевой) юьхьанцарчу тIегIанан белхаш. ХIинца жигара дIахьош ду, аьчкан каркасаш а хIиттош, пенаш хьаладоттаран гIуллакхаш», – хаийтира Р.Кадыровс.

Шена гинчу суьртан, хьолан лаккхара мах хадийра регионан Куьйгалхочо.

«Вайн гIишлошъярхой бакъболу кIентий, мехкарий бу. Шаьш хасто хьакъ бу уьш, уггаре а дика дош а олуш. ТIаьхьарчу шерийн гайтамех вуно баккхий гайтамаш бен олийла а дац», – билгалдаьккхина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Цо дагадаийтира «ХIусамаш а, гIалара хьал а» къоман проект кхочушъяран гурашкахь чохь Iан мегар доцчу хIусамийн фонд лахъяран программа Нохчийн Республико хенал хьалха кхочушйина хилар.

«Бертахь болх бар бахьана долуш хьалха хIиттийна декхарш билгалйинчу хенал кхо шо хьалха кхочушдина вай! Дукха петарш йолчу 120 цIа чохь адамаш даха ховшийна. Керла хIусамаш елла 3,46 эзар стагана. Программин гурашкахь дина цIенош берриге а лехамашца догIуш ду. Шеко йоццуш, иза боккха кхиам бу», – чIагIдира Кадыров Рамзана.

Цо иштта хаийтина керла программа кечъеш хилар.

Оцу программо юкъалоцу дукха петарш йолу ширделла 664 цIа. И программа кхочушъяро таро лур ю 22 эзар стаг керлачу хIусамашка дIакхалхо.

Д.ПАШАЕВ
№92, гӀуран (декабрь) беттан 1-ра де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: