Дуьненахь уггаре а сийлараме болчу бусалбанашна юкъахь ву Кадыров Рамзан

Амманан стратегин талламийн Паччахьаллин Исламан туьшан сацамца Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хIора шеран ТОП–500 рейтинга юкъавахийтина.

Дуьненан уггаре а Iаткъаме 500 бусалба стеган 2021-чу шарна йолу «The Muslim 500» рейтинг хIинца шийттозлагIа зорбатоьхна.

Рейтинга юкъадахана дерриге а дуьненахь бусалбанашна политикин, идеологин, культурин я кхин Iаткъам болу адамаш.

Иштта, «Политика» декъехь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Россин уггаре а Iаткъаме бусалба-политик лерина.

Оцу декъехь меттигаш билгалйохуш яц. Бусалба бахархой болчу хIора махкара цхьа политик бен юкъавохуьйтуш а вац рейтингана.

2009-чу шарахь дуьйна «The Muslim 500» шайн йолуш йолчу цхьайтта изданех хIоранна а юкъавохуьйтуш верг Россера веккъа цхьа стаг бен вац. Иза Кадыров Рамзан ву.

Текстехь иштта билгалдоккхуш ду Кадыров Рамзан регионан Куьйгалхочун даржехь волчу шерашкахь бIеннаш маьждигаш дина хилар, царна юкъахь Европехь а уггаре а даккхий маьждигаш, ткъа иштта хьафизийн школаш а, хьуьжарш а хилар.

Нохчийн дерриге а халкъана, республикерчу бусалбанашна боккха юьхькIам а бу, дозалла а ду Нохчийчоьнан Куьйгалхо дуьненахь а боккха сий-ларам болчу туьшо шен рейтингехь тоьллачех цхьаъ лерина хилар.

№92, гӀуран (декабрь) беттан 1-ра де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: