Россин Премьер-лигин чемпионатан шолгIачу гуонан хьалхара матчаш (16-гIа тур) хилира хIокху деношкахь.

Нохчийчоьнан футболан коьртачу командин футболисташ лахьанан беттан 28-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат Аренин» стадионехь Дона-тIера-Ростоверчу «Ростов» командин футболисташца левзира.
Хьалхарчу гуонан 9-чу турехь оцу футболисташца Дона-тIерачу-Ростовехь левзинера вайн футболисташ. Ирачу къийсамехь толам а баьккхира, жамI 2:1 долуш. Цундела, шайн цIахь а вайн футболисташ кхиаме кхочург хиларх тешна, эзарнаш футболисташ баьхкинера стадионе.
«ХIара гуьйре чIогIа тайна вайн футболисташна. ТIаьхьарчу кхаа цхьаьнакхетарехь тIекIал кхузза тоьлла «Ахмат». Ур-атталла, Москварчу «Локомотиван» а ницкъ ца кхечира вайн футболисташ эшо», – бохура футболлъезархочо Т.Хаджиевс.
Футболъезархойн тешам эрна а ца хиллера. Хьалхарчу тайман юьххьехь дуьйна «Ахмата» дIагайтира толаман чам шайн футболисташна безабелла хилар. Церан тIелетарш кхераме дара.
Иштта, тайм юккъе яханчу хенахь вайн командин хавбека А.Поляруса хьешийн гIуданан майдана тоьхна хилла буьрка «ростовхойн» защитникан куьйгах кхийтира. Цхьайтта метран билгалонера дина гIуданан тохар гол тохарца дирзира – 1:0.
Иштта, шолгIачу тайман 76-чу минотехь Д.Уткина буьрка М.Богосовац волчу агIор дIатуьйхира. Ткъа иза «Ростовн» гIуданан майданахь вара. Цо шега хьажийна схьатоьхна буьрка, цо хьешийн кевнна гергахьа волчу С.Себайга дIакарчийра. Цо, тоьхна, кевна чу яхийтира иза – 2:0.
ЖамI кхин хийца ца луш чекхъелира матч. Цу тайппана хаза толам баьккхира «Ахматан» футболисташа.
ХIинца, шен чоьтехь 24 очко а йолуш, турниран таблицехь ворхIалгIачу меттехь ю вайн команда.
Баккъал а цунна тайнера хIара гуьйре. Iа а, бIаьсте а «Ахматана» тайна догIург хиларх тешна Iийр ду вай.
Хь.ХАМЗАТОВ
№92, гӀуран (декабрь) беттан 1-ра де