Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан студенткин Асланбекова Райанин проект тоьлла Ерригроссин «Хьошаллалелоран говзанчаш. Студенташ» конкурсехь. Цунах лаьцна хаам бина университетан пресс-службо.

Верриге 15 дакъалацархо ву оцу конкурсехь тоьлла. Райана царна юкъахь ю. Ша йовзийтина проект кхочушъян цхьа миллион соьмана грант лур йолуш ю цунна.
Конкурсехь дакъалаца лаам болуш, Россин ерриге а регионашкарчу студенташкара кхаьчнарг 2 000 сов заявка яра, ткъа царах финале ваьлларг вайн 39 регионера 90 векал вара.
Конкурс шина муьрехь (очни а, заочно а) дIахьош яра. Финалисташа, шайн проекташ йовзийтина ца Iаш, дешаран йоккхачу программехь дакъа а лецира.
ХIоьттинчу эпидемиологин хьолаца доьзна конкурсан финал онлайн-кепехь хилира. Конкурсан дакъалацархоша шайн проекташна видеопрезентацеш йира. Проекташ Россин туризман хьаьрма кхиорах лаьцна яра. ХIора а финалиста шен куьйгалхочуьнца цхьаьна шен проектан мехалла хилар кьовсура.
Р.Асланбековас йовзийтинарг «Кавказан некъашкахула» аьлла культурин-хаамийн проект яра. Цуьнан коьрта Iалашо ю Кавказан халкъийн культураш а, истори а езархойн цхьаьнакхетаралла кхоллар а, кегийрхошна шайн мехкан истори йовзийтар а.
«Шен Iалашоне кхача къахьега лаарна Райанас толам боккхуш дIайирзира конкурс. Ала деза цо ша вайн республикин а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан а хьакъ йоллу векал санна гайтина хилар. Цуьнан проект кхочушьярца доьзначу гIуллакхийн ойла еш а ду тхо», – дийцира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан похIмечу студенташ кхиоран а, царна гIо даран а туьшан куьйгалхочо, проектан координатора Мусхаджиева Тамарас.
Билгалдаккха деза конкурс президентан «Росси – таронийн пачхьалкх» платформин проект хилар. Конкурс 2019-чу шарахь дуьйна дIахьош ю, «Дешар» къоман проект кхочушъяран гурашкахь.
Конкурсан Iалашо ю говзанчийн ницкь гучубаккхар, керла ламасташ юкъадалор, туризман а, хьаша тIеэцаран а хьаьрмашкахь хьашт долчу говзаллин сий ойъуш, сервисан лехамийн тIегIа лакхадаккхар.
Конкурс дIахьош ю Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон гIоьнца.
З.ЦОНТОРОЕВА
№92, гӀуран (декабрь) беттан 1-ра де