И.Байсултанов – Е.П.Глинкин цӀарахчу республикин берийн клиникин больницехь

Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министр Байсултанов Идрис белхан гӀуллакхца Е.Глинкин цӀарахчу берийн клиникин республикин больницехь хилира.

Уггаре а хьалха COVID-н туьшахь хилира министр. Цигахь кегийчу дархошца а, медицинин белхахошца а къамел дира.

И.Байсултановна довза лиира коронавирусан ун кхеттачу дархошна дарбанаш лелоран хьелаш.

COVID-н туьшахь оьшуш долу молханаш а, дика хьелаш а хилар гира цунна. Туьшахь дӀахьочу балхе хьаьжначул тӀаьхьа, Берийн онкогематологин туьшан №1 йолчу хирургин отделене вахара иза.

Оцу туьшан болх толлуш, реанимацин отделенехь долчу берийн хьал муха ду хьаьжира. Оцу берашна юкъара 5 бер леррина йолу (интенсивни) терапи еш дара.

Карарчу хенахь Е.Глинкин цӀарахчу берийн клиникин республикин больницехь дарбалеладойтуш 269 бер ду.

2021-гӀа шо доладелчахьана Е.Глинкин цӀарахчу берийн клиникин республикин больницин лоьраша 16 291 дархочунна медицинин гӀо дина. Оперативни гӀо динарг 4 788 бер ду.

Дика хета, Е.Глинкин цӀарахчу берийн клиникин республикин больницин медицинин коллективо Россин Федерацин могашаллаӀалашъяран министерствон клиникин магораш дукха лерина кхочушдеш хилар.

Больницин куьйгаллина медицинин документаци лелорехь долу кхачамбацарш гергарчу хенахь дӀадахар тӀедиллира И.Байсултановс.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№92, гӀуран (декабрь) беттан 1-ра де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: