«Литература – критикин Iалашонехь»

Нохчийн къоман литература езачарна дика евзаш ю Бурчаев Хьалиман цIе. Иза похIме журналист, поэт, яздархо ву.

Делахь а, воккха къинхьегамхо волчу Хьалиман цIе шуьйрачу гуонашкахь йовзар цуьнан литература талларан хьаьттахь динчу йозанашца хилла.

Вайн махкара наггахь яздархо а хир вац, шен кхоллараллах Хьалима дош алаза, яздаза. Литературин критик вара аьлла, къамел а, йозанаш а шога долуш вац вайн турпалхо… Даима массаьрца кIеда-мерза, гIиллакхе, оьзда ву иза.

Хаарийн кIоргенашца дуцаделла лаккхара Iилма, сирла кхетам болуш ву. Муьлххачу яздархочун говзарх цо аьлла дош маьIне а, корматаллин лаккхарчу тIегIанехь а нисло.

Кху деношкахь кхин цхьа хазахетар хилла нохчийн литература езачарна Бурчаев Хьалиман цIарца доьзна — араяьлла цуьнан керла книга. Книгин цIе ю «Литература – критикин Iалашонехь».

Авторан статьяш, рецензеш, эссе ю книги юкъахь. Уьш ерриге а говзаллин лаккхарчу тIегIанехь язйина ю.

Иза дуьххьарлера книга яц цуьнан. Масех шо хьалха, вайн махкахь дика вевзачу журналистаца Аболханов Хьаькимца цхьаьна, Хьалима язйинера «ГIиллакхийн хазна» книга а. Вайн ворхIе дех дисинчу нохчийн оьздачу гIиллакхех а, ламастех а яра иза. Йоккха яцахь а, мехала чулацам болуш яра.

Цул тIаьхьа, Хьалима язйина, араелира кхин цхьа книга — «Слушая совесть» яра цуьнан цIе. Россих а, дика вевзачу нохчийн яздархочун Нунуев Сайд-Хьамзатан башхачу кхоллараллах а яра иза.

Билгалдаккха лаьа, хIинццалц араюьйлу цхьайолу литература талларан статьяш мелла а советийн идеологин тIеIаткъам болуш хиллехь а, «Литература – критикин Iалашонехь» гуларерчу статьяшкахь нохчийн къоман литературе, яздархойн кхолларалле керла хьажар хаало.

Вайн Iадатийн беркате хIуо хаалуш а ду и керлачу хьажарца беркате бIаьргтохар. Еша атта, чулацам кIорггера болуш ю иза.

Нохчийн къоман бу бохучу дуккха а яздархойн кхоллараллех шена хетарг довзуьйтуш, хила дезарг билгалдоккхуш, Хьалима хьанал бина болх бу цуьнан керла гулар.

Вайн махкахошна цунах мерза кхаъ хирг хиларх тешна а ду тхо.

«Литература – критикин Iалашонехь» пайдехь хир ю нохчийн литература езаш мел волчунна.

Бакъду, халахеташ цхьа хIума ду керлачу книгица доьзна — цуьнан тираж пхи бIе экземпляр бен яц.

АРАПХАНОва Аза
№92, гӀуран (декабрь) беттан 1-ра де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: