Эвтархойн Ахьмад

Эвтархойн Ахьмад дуьнен чу ваьлла 1824-чу шарахь — гунойн тайпанах волчу Мохьмадан доьзалехь.

Шен нийсархошна юкъахь, къона волуш дуьйна, иза къаьсташ хилла хIайтъаьлла хиларца, иштта, комаьрша, оьзда, майра, говза бере хиларца.

Эвтара массо хенахь а паччахьан Iедалан эскарша хьийзош, балехь латтош хилла ю. Дукха жима волуш дуьйна Ахьмада дакъалаьцна луьрачу мостагIца хуьлучу буьрсачу тасадаларшкахь.

1840-чу шеран бIаьста, Имам Шемал хьалха а волуш, ерриге а Нохчийчоь, шен маршонан а, паргIатонан а дуьхьа, гIазот дихкина, тIамна гIаьттича, инарла Граббес Нохчийчохь юха а тIом болийра.

1841-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 27-чу дийнахь паччахьан эскарша тIамца схьаяьккхира Гелдагана а, Эвтара а. И ши юрт йита дезнехь а, нохчаша йинчу луьрачу дуьхьалоно паччахьан эскар сацийра, лаьмнашка а ца кхочуьйтуш.

Шен юрт ларъеш хиллачу тIамехь Ахьмада ша майра, хьуьнар, доьналла долуш бIаьхо хилар гайтира.

ХIХ-чу бIешеран 40-чу шерашкахь Iаьрбийн маттахь яздина хилла тептарш карадаьхкина хилла 1986-чу шарахь А.И.Гапаевна.

Оцу тептаршкахь дуьйцу Терка йистехь наибийн ШоIайп-Моллин а, Хьаьжа-Мурдан а инарла Ансадойн (Ансалтинский) Мусан эскарца хиллачу тIамах лаьцна. Вевзаш воцчу нохчийн йозанчас хаам бо: хьалхабевллачу тхьамданаша «Байракх дIа хьан оьцу аш?», – аьлла, кхайкхам бича, эскарна юккъера, шен говраца, лом санна араиккхира цхьанна а вевзаш воцу жима стаг. Иза Эвтархойн Ахьмад вара.

Баккхийчара дийцарехь, жимачу стеган цIе гIараелира Нохчмахкарчу Коьжалган Дукъ олучу меттехь, 1842-чу шеран асаран (июнь) беттан юьххьехь, тIом хиллачул тIаьхьа.

Ламанхойн туп йолчу меттехь цIеххьана, лаьтта бухалара схьаваьлча санна, гучаэккхара цхьаьнгга а лацалуш воцу оьрсийн цхьа эпсар. Доккха зен а дой, къайлаволура иза, шена зен-зулам ца хуьлуш. Оьрсийн майрачу кIанта догъэтIош болчу дошлоша а, бIаьхоша а ойла йора иза муха лоцур вара-те, бохуш. Юьстахо лаьтташ волчу къоначу Ахьмада, шен майраллах эхь хеташ, ийзалуш, цаьрга элира иза ша сацор ву аьлла. Жимачу стагах цецбевллачу зеделларг долчу бIаьхоша беламе даьккхира цо аьлларг, юха, дов а деш, дIачовхийра.

Нохчийн оьздачу гIиллакхехь а, эхь-бехк долуш а кхиийна, баккхийчеран ларам бан Iамийна волчу Ахьмада, цаьрга кхин вист а ца хуьлуш, сацам бира муьлххачу а юкъараллехь дош ала шен бакъо хилар дIагайта. Цо хIинца чIогIа ларвора оьрсийн эпсар, иза гучуваларе сатуьйсуш. Цкъа иштта, мичара волу ца хууш, схьаиккхира иза. Цунна дуьхьал иккхира Ахьмад. Тарраш баттара а даьхна, вовшах летира и шиъ… ЧIогIа летира. Ахьмада вожийра мостагI. МостагIчун (говр) дин а, герз а 18 шо долчу Ахьмада тIехкура, дегала болчу бIаьхошна дIаделира.

ХIайтъаьлла волчу жимачу стеган бIаьхаллин хьуьнар хилла ца Iара цуьнан цIе яккхийтинарг. Шен майраллица, оьздангаллица, дикаллица, ханал хиларца кхечира къона Ахьмад халкъо шен сий-ларам баре а, царна ша везаваларе а. Цуьнца доттагIалла дезаш халкъана юккъера тоьлларш къасто хууш волу Имам Шемал а вара.

Ахьмада, дукха хан ялале, шена езаелла йолу гIизлархо ялайо. ЦIийндас лелош долу бусалба дин тIеэцна йолчу несана Ахьмадан гергарчара ГIизларха цIе туьллу.

ДоттагIчун ловзарга 40 говр ялош веара Гребенскера гIалагIазкхи. Ахьмадан кхечу доттагIашца цхьаьна и гIалагIазкхи, Жимачу АтагIара Эвтара кхаччалц, нускал далош схьавеара. Цуьнан ловзаргахь хилира, иза декъалвеш, Имам Шемал а.

Ахьмадан а, гIалагIазкхичун Санькин а вовшашца доттагIалла хилла Iаш дацара, цаьршинна юкъахь цIийн гергарло а дара. Шен доттагIчун гIалагIазкхичун Санькин сийнна Ахьмада шен кIантана Сату цIе тиллира. Цуьнан иштта кхин а йиъ йоI яра.

Ахьмад халкъан иэсехь висина гIийла-мискачеран, жоьра бисинчеран, буоберийн дола деш, царна гIо деш, церан терго еш хилла хиларца. Къона дошло шен ерриге а хIонц, тIамехь караеана я схьаяьккхина хIума царна дIалуш вара.

Йоккхачу Нохчийчоьнан наибан Эрсанарчу СуIайб-Моллин бIонца цхьаьна Ахьмада дакъалецира 1845-чу шеран аьхка Воронцовн эскар Нохчмахкахь хIаллакдеш. Оцу тIамехь турпалаллица вуьйжира паччахьан эскарна тIаьхьа ваьлла воьдуш волу СуIайб-Молла.

1847-чу шеран бекарг (март) баттахь, Имам Шемала, цхьацца бахьанашца, цу юкъахь халкъо аьрзнаш дар а долуш, масех наиб хийцира. Царна юкъахь вара Шелара ТIелхиг а.

Мудир (инарла-губернатор) хIоттийра Йоккхачу Нохчийчохь эла Воронцовн эскар хIаллакдарехь дакъалаьцна волу Шамурзаев БатIа. ТIелхиган метта Йоккхачу Нохчийчоьнан Шелан округан наиб хIоттийра ерриге а Нохчийчохь сий-ларам болуш волу Эвтархойн Ахьмад.

Иза оцу дарже хIоттор чIогIа халачу муьрехь нисделира. Хаддаза тIемаш бара паччахьан эскарца беш. Цуьнца доьзна, экономикин блокада яра йина. Оцу дерригено а халкъан де эшадора, иза гIелдора.

Делахь а, Йоккхачу Нохчийчуьра бахархой тешаш бара къоначу наибах. Боккха кхерам хиларе хьаьжна ца Iаш, уьш цунна тIаьхьа хIуьттура. Шен бIонашна хьалха а волий, Ахьмада дакъалоцура Йоккхачу а, Жимачу а Нохчийчохь паччахьан эскрашна дуьхьал дIахьочу тIемашкахь. КIадвалар, гIелвалар доцуш, иза шен бIонца тIелетара Нохчийчоьнна гуобаьккхина йолчу паччахьан эскаран гIаьпнашна а, чIагIонашна а, царна дикка зенаш а деш.

1850-чу шеран аьхка паччахьан эскарша йинчу еа экспедицис Жима Нохчийчоь дӀахӀоттийра ерриге а йохийна, чIанаяьккхина… Бахархой лаьмнашка хьалабахара.

Нохчий шайн ярташка юха ца берзахь, ерриге а Жимачу Нохчийчу паччахьан Iедал гIалагIазкхий баха охьаховшо лууш ду, Нохчийчоьнан малхбузерчу декъехь йолчу Эльдархан-ГIала (Карабулак) санна, боху хабарш дара даржош. Ткъа цига гIалагIазкхий 1845-чу шарахь ховшийра, Лекха-Соьлжан зил а кхуллуш.

Гатвелла, сабIарзделла хьийзаш волу масех эзар нохчи паччахьан эскарийн тергонехь йолчу метте дIа ца кхелхича ца велира.

ТIамехь эшна вогIуш волчу Имам Шемалан сий-ларам лахлуш бара, Нохчийчоь цуьнга ларлуш цахиларна резадацар алсам долуш дара.

Нохчийчохь а, Имаматан кхечу мехкашкахь а къепе чIагIъярехьа гIуллакхаш дан волавелира иза… Стаг вен кхиэл яр алсамделира. Цунах имамана цамоьттарг хилира. Раж чIагIъяро, гIийланаш кхеро, охьатаIо гIортаро адам цунна дуьхьал даьккхира… Шена тIехь цхьаьннан а олалла ловр доцу, маршо а, паргIато а езаш, иттаннаш шерашкахь паччахьан Iедална дуьхьал, къар ца луш, къийсам дIабаьхьна адамаш имаман олалла а лан дагахь дацара.

Ишттачу адамех вара Эвтархойн Ахьмад а. Халкъо дийцарехь, вайга схьакхаьчначу хаамашца, Ахьмада имаме дIахьедира цо шариIат талхорна, цуьнан омранца байъа кхиэл йиначеран бахам дIабаккхарна, нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ талхорна ша резацахилар — кхиэл йиначух бисина бахам буоберийн бу, иза дIабаккха бакъо яц баьхнера цо. Наиба бохург тIелаца дийзира Шемалан.

Нохчий реза цахиларо тIедалийра Мехк-Кхиэлан куьйгалхо хIоттийна хилла волу имам, Нохчийчоьнан тхьамданаша тесна витарна, Мехк-Кхиэл болх бечуьра сацарна. ТIаккха цуьнан метта, шена муьтIахь долу адамаш юкъа а далош, цо Диванхан кхоьллира.

Имам Шемала боккха сий-ларам беш хилла волу Эвтархойн Ахьмад юкъагIортар бахьана долуш, Шемала кхиэл ян гIертарх хьалхаваьккхира Илсхан-Юьртара Кишин Кунта-Хьаьжа.

Хууш ма-хиллара иза машар, барт, маслаIат, АллахIан цIена дин кхайкхош, собаре, ийманехь, АллахIан кхиэлана реза хиларе, тIом сацоре, къам лардаре кхойкхуш вара. Имама бечу кхайкхамашна нийсса бIостанехьа бара и кхайкхамаш. ТIаккха уьш цунна безалойла а дацара.

Къоначу Ахьмадна боккха тIеIаткъам бира Устрада-ГIалара ведда (дехьа ваьллачу) ялх стаг, герзаш дIасадетташ, вийна хиларо. Ахьмадна чIир кхайкхийра… ЧIир кхайкхийра дехьа бевллачара цхьа дошло вийначул а, и верна гечдийр ду аьллачул тIаьхьа а юьрта юхабахка уьш реза цахиллачул тIаьхьий бен наиба герз тоха омра дина ца хиллашехь.

Байъинчеран цIий шех хьарчаро хаддаза гIайгIанехь, балехь латтош вара къона наиб, герз тоха аьлла, омра дарца ша динарг нийса ду-дац ца хууш, боккхачу сингаттамехь вара иза. Кхиэл йина ворхI стаг вен хIара реза ца хилира, тIаккха 1849-чу шарахь, шен лаамехь, Ахьмад наиб волчуьра дIавелира. Цуьнан метта наиб хIоттийначу ТIелхига йина кхиэл чекхъяьккхира.

Наибан дарж охьадиллинехь а, Ахьмада ца дитира паччахьан эскарна дуьхьал тIом бар а, Шемалца зIе латтор а.

Эвтархойн Ахьмадан маьхчигахула АгIу-Мирзехула схьадаийтинчу кехатехь имама баркалла бохура Ахьмадна, ГIойсу хин йистехь йолу мостагIчун туп йохийча, шена ахча а, говр а, кIайн эмкал а яийтарна, цуьнга доьхура юха а наибан дарж схьаэцар.

Цунна дуьхьал яздинчу кехатехь Ахьмада дIахьедина, дIадахана нускал бен юхадогIуш цахилар. КхидIа цо яздора имамана ша мостагIчунна тIелеташ долчу шен эскарна хьалха а, иза юхадолуш массарал тIехьа а ган тарлуш хилар (Эвтарахь ГапаевгIаьргахь Iалашдеш хилла долу Ахьмадан тур а, топ а, тапча а, турмал а 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 22-чу дийнахь Iедало дIаяьхьна).

1851-чу шарахь Нуракоевски майданахь хиллачу тIамехь хиллачу чевнех Жимачу Нохчийчоьнан мудир Анзоров Мухьаммад-Мирза кхелхина хиларан хьокъехь хаам кхечира Ахьмаде. Иза чIогIа хала хийтира цунна. Ши доттагIа вара и шиъ. Иштта, цунна чIогIа новкъадеара Хунзахан наиб Хьаьжа-Мурд оццу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь оьрсашкахьа валар.

1852-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 17-чу дийнахь Имам Шемал, шен эскарца, Буьрса гIап йолчу агIор дIаволавелира. Оцу гIопана тIелатарца иза Нохчийчохь юха а шен сий-ларам меттахIотто лууш вара, тIемашкахь эшарца дIабаьлла болу.

Иза иштта лууш вара гIопера маьршачу нохчийн ярташ Имаматан куьйгалли кIела ялон а, паччахьан эскаран командованига дуьхьалонан тактика тIеэцийта а.

Делахь а, цо дагалаьцнарг чекх ца делира — цуьнан эскар кIелонна тIенисделира. Дуккха а бIаьхой тIамехь эга а эгаш, лаьмнашка юхавала дийзира имаман.

Буьрса гIопана тIелатарехь дакъалоцуш хилла Эвтархойн Ахьмад а.

Халкъан иэсехь цо цигахь дакъалацар иштта дисина… Буьрса гIопана тIекхочуш бIо кIелонна тIеIоттабелла. Соьлжа хих дошлой дехьа бовла буьйлабелча, уьш хи юккъе кхаьчначу хенахь, царна герзаш детта долийна. ДоттагIашка юхадовла а аьлла, Ахьмад царна дуьхьал герз а детташ, туьраца шен некъ боккхуш хилла. Эвтархочун когана еза чов хилла, цIий лела боккха пха а хадош. ДIаоьхуш цIий а долуш, Соьлже вахана иза. Амма гIароло герзаш детта долийна цунна. Цхьа дIаьндарг Ахьмадан пхьарсах кхетта.

КIеззиг дехьа а ваьлла, кхетамах волуш волу Ахьмад, динара охьа а воьссина, верта буха а тесна, дIатевжина. Шен хьоме дин дIахецна цо. ЧIирхой тIекхаьчна валаре вирзинчу Ахьмадна. Царна осала хетта оцу хьолехь волчу шайн чIирхочунна тIекховдар. Цара, барам а бина, Ахьмад цу тIе а виллина, иза юьрта дIаваьхьна. ЧIирхойн и къонахаллин гIиллакх дохийра хьагI йолчу адамийн меттанаша.

Цара царна тIаьхьа мохь беттара: – Цуо шун нах байъина, ткъа шу, шайн белшаш тIе а хаийна, иза дIавуьгуш ду.

«Туьро йина чов лоьраша ерзайо, матто йина чов ца йоьрзу», – олуш ду нохчийн… Борам охьа а биллина, царах цхьамма чов йина Iуьллучун тур схьаийцира. Иза баттара даьккхира.

– Тур дика хадош (леташ) дуй?, – хаьттира цо Ахьмаде.

– ХIаъ. Дика леташ ду. Дикачу къонахчо лелийна ду хьуна иза!, – Эвтархойн Ахьмадан тIаьххьара дешнаш дара уьш. Цу хенахь цуьнан 28 шо бен дацара.

…Адамаш дIасахилира, дакъа дохьуш Ахьмадан керта йогIучу ворданна некъ буьтуш. Ахьмадан вежарий – ГIапа, Ета, Овхьад, – сингаттамо кхолийначу яххьашца, дуьненах дог диллина, ворта тIетесначу дакъе хьуьйсура. Вордана юххе хIоьттина вогIучу Чермойн ЧIосасара, архаш дIахийцира, бIаьргех хьаьдда хиш халла сеца а деш…

Эвтарарчу кешнашкахь, Ахьмад-КIотарна юххехь дIавоьллина ву нохчийн халкъан бакъволу къонах.

Халкъо шен иэсехь латтаво турпалхо. Цуьнан сий-ларам бо. Цунах дозалла до…

Шен сил дукха дезара цунна нохчийн халкъ, доттагIалла.

Хожаев Далхан, Iилманча (Нохчийн матте йоккхуш, зорбане кечйинарг – С.ХАСАНОВ)
№92, гӀуран (декабрь) беттан 1-ра де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: