2015-чу шеран 16-чу декабрехь 105 шо кхочур дара Нохчийн поэтан Мамакаев Мохьмадан. Иза вайца воцу-м шовзткъа шо сов зама дIаяьлла. Делахь а, вайца яха йисина нур-жовхIарах лепа цуьнан башха поэзи. Нохчичун яхь йолу дог кийрахь долчу хIора стеган а сингIортор хила лаьтташ ду поэта яздина нуьцкъала могIанаш. Цара вайн нохчаллех къилба дина даха Iамадо. Доьналле кхойкху, къоман сирлачу кханенах тешадо. Иза нохчийн дешан сийлахь воккха говзанча-поэт вара. Амма поэт хилла Iаш вацара. Иза дуьненан меха къонах вара. Мамакаев Мохьмад – вайнехан къоман синбIаьвнех цхьаъ ву. Мокхазах яьккхина гериг санна, нуьцкъала дека цуьнан хIора дош. Даймахке болчу безамах юьзна ю Мохьмада яздина хIора дош. Хьекъалца, доьналлица буьйцина бу цуо язбина хIора могIа. Йоьшучунна синкIоргене кхийдаш ю поэтан исбаьхьа поэзи.
«Де доьхна, Iаьржачу халоно хьовзинчохь,
Мацалло бIарздина, гIелонна кIелдуьсучохь,
Бохамна, халонна юьхьдуьхьал хIиттинчохь
Собарах, стогаллех ма довла боху цуо», – бохуш яздора Мамакаев Мохьмада 1940-чу шарахь, шен «Даймехкан косташ» цIе йолчу байташкахь. Вайнахана цу муьрехь тIегIертачу бохамех дог кхиъна яздича санна хетало уьш похIмечу поэта. Бакъду, и дешнаш тахана ду вайна Iаламат мехала.
Мамакаев Мохьмад вина 1910-чу шеран 16-чу декабрехь ТIехьа-МартантIехь. Дукха хьалхе байлахь висина. Мацалла, шело, гIело лайна, жимачохь да-нана доцуш висаре терра. Амма цхьа ирс хилла Мамакаев Мохьмадан. ХIетта кога доьдуш хиллачу Советан Iедало Iуналла дина хьалххе байлахь висинчу кIентан. Серноводскерчу берийн цIийне дIавигна, дешийтина. Ткъа мел дика доьшуш кIант хилла вайна гойту; ялхийтта шо кхачале партин обкомо иза Москва-гIала деша хьажоро. Цу хенахь цига мил-милла а вохуьйтуш вацара. Вай хьалха билгал ма- дакхара, дика дешарца яьккхира Мамакаев Мохьмада шена и бакъо.
Москвахь кхиамца университет чекхяьккхина, Соьлжа-ГIала цIавирзинчу Мамакаев Мохьмада тайп-тайпанчу даржашкахь болх бо. Нохчийн автомин прокурор, «Грозненский рабочий» цIе йолчу газетан редакторан заместитель, нохчийн маттахь арадала доладеллачу «Серло» газетан коьрта редактор. Иштта ю Мохьмада цу хенахь белхаш бинчу меттигийн цIерш. Амма миччахь болх бахь а, жима стаг къаьсташ вара гIиллакхца, оьздангаллица, адамашца тарвала хаарца, хьанал къахьегарца. И дерриге а тIечIагIдо, цу луьрачу заманахь Советски Союзан куьйгалло Мохьмадан къинхьегам «Къинхьегаман цIечу байракхан» орденца билгалбаккхаро.
Вайн махкахочо гергарло лелийна сийлахь-баккхийчу оьрсийн Яздархошца – Маяковскийца, Багрицкийца, Серафимовичца, Фадеевца, Иштта дуккха кхечаьрца.
Байташ язъян дукха хьалхе волавелла иза. Цуьнан дуьззина пхийтта шо а ца хилла, обарг Зеламхех лаьцна шен дуьххьарлера байт цо язъеш, 1926-чу шарахь зорбане елира и байт. Ткъа 1930-чу шарахь зорбане елира Мамакаев Мохьмадан дуьххьарлера байтийн гулар, «ЦIий хуьйдина лаьмнаш» цIе йолу йоккха поэма юкъахь йолуш. И поэма бахьанехь ло цунна Советски Союзан пачхьалкхан преми а. Нохчийн маттахь вайн махкахочо язъеш йолу байташ оьрсийн матте йоху, ерриге Россехь бевзаш болчу поэташа Багрицкий Эдуарда, Тихонов Николайс, Твардовский Александра. Муьлххачу матте даха хьакъ долуш нуьцкъала могIанаш Мамакаев Мохьмада яздинарш.
Зама, ма сихло, сан зама,
Цхьажимма некъ бита суна.
Доггаха дош аьлла ваьлла вац,
Дуьненахь ас битна цхьа зил бац.
Со дахарх заз даккха кхиъна вац,
Езначух бIаьрг тоьхна ваьлла вац
Ма хетта барт ала Iаьбна вац.
Даймехкан декхарха ваьлла вац.
Мамакаев Мохьмад ша вара гочдарш тIехь болх беш. Цуьнан беркатечу куьйга нохчийн матте яьккхина ю Островский Николайс язйина «Как закалялась сталь» цIе йолу роман. Цу заманан лехамашна жоп луш хиларна бина хила там бу цо и болх.
Кхоллараллин кхиамех дозалла деш, сапаргIат вехачарех вацара поэт. Тахана санна, цу заманахь а кIезиг бацара вайнахана вон дош ала луурш. Ханна ша мел жима хиллехь а, цаьрца хаддаза луьра къийсам латтош вара Мохьмад. 1928-чу шарахь дара «Революция и горец» цIе йолчу журналан агIонаш тIехь Мамакаев Мохьмада язйина «Как не надо писать о Чечне» статья зорбане яьлча. ХIиричо Гатуев Дзахос, жIайхочо Тахо-Годис вайх яздинчу цхьацца эладиташна дуьхьал язйина яра Мохьмадан и чулацаме статья. Луьра къийсам латтабора Мамакаев Мохьмада нохчийн маттах къехкаш болчу вайн махкахошца а. Ненан мотт – Дала делла совгIат лорура цо, кхечу къаьмнех вайнехан башхалла къастош. Цо нохчийн маттах аьлла дешнаш ду хIинца ненан мотт хьахийначохь вай пайда оьцуш дерш. «Даймохк» газетан хьалхарчу агIонехь коьртте яздина дерш:
«Шен ненан мотт халкъо, сий ойбуш, Iалашбахь, цу халкъан паргIато цхьаммо а хьошур яц!»
Поэзехь болх бина Iаш вацара и поэт. Цо Iаламат доккха дакъа диллина нохчийн публицистика кхиорна юкъа а. Шатайпа къаьсттина меттиг дIалоцуш ю нохчийн литературехь Мамакаев Мохьмадан проза а. Нохчийн яхь йолу дог кийрахь детталург цхьа а хир вац цо язйина «Зеламха» а, «Революцин мурд» а цIе йолу романаш ешаза. Вайн къоман турпалхойх ю и шийа роман. Цара Iамаво Даймохк беза, хьуо нохчи хиларх дозалла дайта, тешаво нохчийн къоман сирлачу кханенах, кхойкху къаьмнашна юкъарчу вошалле. Леонов Леонида а, Шолохов Михаила а, Горький Максима а лаккхара мах хадабора ткъес санна сирла а, зевне а екачу нохчичун нуьцкъалчу поэзин. Ткъа ша Мамакаев Мохьмада даима дозалла дора СССР-н яздархойн союзан декъашхо хиларан хьокъехь долу билет шена Максим Горькийс тIе куьг яздина делла хиларх.
Хала ду доццачу къамелехь, къоман синбIов хилла лаьттачу стагах дийца. Мел хьанал къахьегнехь а, шовзткъа гергга книга араяьллехь а, аттачех ца хилла Мамакаев Мохьмадан дахар. Харцо, ямартло алссам лан дезна цуьнан. Дуккха а шерашкахь сталински набахташкахь Iазап текхна цо. Цу муьрехь яздина ду поэтан хIара могIанаш а.
ЧIегIардиг, чIегIардиг,
Хьо стенга доьдуш ду?
Бос хаза олхазар,
Хьо хьенан хьаша ду?
Собар де, сих ма ло,
ТIам шера олхазар,
Сан дехар-кост дIало,
ДIаала хьайна гар…
Мамакаев Мохьмада гIело, шело, мацалла лайна. Амма цуьнан синондалла тоьъна нохчаллех ца воха. Цкъа а нур довр доцчу шен байташкахь вайга Мохьмада весет до нохчалла бохучу къилбанах ца тилар доьхуш. Вайн декхар ду и весет кхочушдар. Иштта, вайн декхар ду Мамакаев Мохьмадан исбаьхьаллех юьзна, нуьцкъала кхолларалла йовзар. Кху шарахь цуьнан юбилей хилча муххале а. Цул совнаха, дуьненна хезаш, Россин Президента Путин Владимира дIакхайкхийна 2015-гIа шо литературин шо хилар. Иза кхин цхьа бахьана ду вайна, нохчийн къоман сийлахьчу поэтан Мамакаев Мохьмадан кхоллараллех безамца хьакхадала, цунах марзо эца.
А.ГАЗИЕВА
№ 67, еара, 18 июнь, 2015 шо