Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хIокху деношкахь хьаьжира Гуьмсана готесна буьллуш болчу Р–217 некъаца керла эстакада ярехь бечу балхе. Некъаца белхаш баран кхоалгIа мур бу хIинца дIахьош берг.

«Говзанчаш къахьоьгуш бу дикаллин лаккхара тIегIа лардеш, кхузаманан технологех пайдаоьцуш. Кхузара белхаш чекхбевлча таро хир ю шен йоккхаллица Нохчийчохь шолгIа йолчу Гуьмсехула машенаш дIасалелар дуккха а лахдан, ткъа иштта хIара некъ бина баьлча, кхузахула дIасалела аьтто хир бу дуккха а машенийн», – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Карарчу хенахь белхалой эстакада ярна оьшу бIогIамаш, гIортораш дIахIиттош, кхиболу белхаш беш бу.
«Ойсахара – Курчалой-Эвла», Мескер-Эвла доьлху некъаш дIасакъаьстачохь а, Ахьмад-Юьрта тIевоьдучохь а еш ю некъан гIишлош.
Цо таро лур ю федеральни а, регионан а маршруташца дIасалелаш йолу машенаш, кхийолу техника шен-шен некъаца дIасаяха.
Кадыров Рамзана, дIахьош болчу белхан мах а хадош, билгалдаьккхира: «ГIишлошъяр дIахьош ду «Федеральни магистралийн зIе кхиор» проект кхочуш а еш. Иза кхочушъяр дикачу агIор хаалур ду некъан боламан кхерамазаллина а, аьхналлина а, бегIийлина а тIехь, вайн республикин а, Россин Федерацин кхечу субъектийн а экономика кхиорна керла шовкъ а лур ю цо».
Юьйцуш йолу объект йина яьлча, Гуьмсана готосуш буьллуш болчу федеральни Р–217 некъан йохалла 36 километр хир ю.
Шайна хьалха хIиттийна декхарш кхиамца кхочушдеш болу говзанчаш а, белхалой а тешна бу некъ билгалйинчу хенал дикка хьалха бина бериг хиларх. Иштта, оцу некъан дикалла лакхара хилийтар тIе а лоцу цара.
Д.ПАШАЕВ
№94, гӀуран (декабрь) беттан 8-гӀа де