Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана баркалла элира Узбекистанан Президентана Мирзиеев Шавкатна а, цуьнан доьзална а, узбекийн дерриге а халкъана а Кадыров Ахьмад-Хьаьжа шайн эсехь латторна.

«Декъала хилла Узбекистан! Инзаре, тамашийна истори йолу мохк. Бусалбанашна Iилманан хьоста хилла мохк. Цигахь ширачу заманашкахь дуьйна Iилма Iамош хилла исламан тоьллачарех болу Iилманчаш. Кхузахь, хIокху махкахь, дуккха а дика нах кхиийначу махкахь, дIавоьллина ву вайна дукхавезачу Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шича Къусам ибн Iаббас, цIеяххана хьадисаш гулдархо, Къуръанан маьIнадархо Мухьаммад аль-Бухари, Накъшбандин ТIарикъат юкъадаьккхина волу, суфийн устаз Мухьаммад Бахьаудди. Суна дагадогIу, сан хьомсарчу дас Ахьмад-Хьаьжас Бухарарчу а, Ташкентерчу а маьждигийн момсарех, тхевнех лаьцна, цигарчу башхачу адамех, церан цIеначу дог-ойланех, хьаша-да ларарх лаьцна чIогIа воккхаверца дийцар», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.
Билгалдаккха деза Узбекистанехь Нохчийн Республикин муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, культурин министр Кадырова Iайшат, туризман министр Байтазиев Муслим, боккха сий-ларам беш, доггаха тIеэцна хилар.
Дукха хан йоццуш уьш цига баханчу хенахь Узбекистанан Президентан йоIа Мирзиеева Шахнозас царна йовзийтира малхбален хьошаллин башхаллаш, амалш, оцу мехкан инзаре, исбаьхьа истори, узбекийн пхьерийн башхачу архитектурин хазнаш.
«Вай хIинцале вовшах дузуш ю вошаллин, вовшийн гIолацаран зIенаш. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондан харжийн чоьтах «Мир Араб» хьуьжарехь ламаз оьцу чоь а, кхача буу чоь а йина. Фондо дакъалаьцна Самаркандехь Имам Бухарин цIарах хьадисашталларан Туш ярехь. Цхьаьнакхетарш дIадаьхьна цхьамогIа министерствийн куьйгалхошца. Туризман, культурин, спортан дакъошкахь зIенаш чIагIлург хиларе сатуьйсуш ду тхо. Вайн халкъашна юкъара вежараллин юкъаметтигаш чIагIъярехь дуккха а гIуллакхаш деш ву вайн хьомсара доттагI, исламан бизнесан Дуьненаюкъарчу ассоциацин президент Кабаев Марат. Суна хазахийтира дукха хан йоццуш иза тхо долчохь, Соьлжа-ГIалахь гича», – билгалдаьккхира вайн регионан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Цо дийцарехь, билгалдеш ду Узбекистанехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа леллачу меттигашкахула туристийн маршрут йиллар.
Иштта, ойла ю Ахьмад-Хьаьжин дахаран студенталлин муьран хьокъехь документальни фильм яккха.
«ЦхьамогIа кхин ойланаш а ю вайн. Цара аьтто бийр бу вайн халкъийн вежараллин юкъаметтигаш чIагIъярехь», – дерзийра Р.Кадыровс.
С.АЛЬВИЕВ
№94, гӀуран (декабрь) беттан 8-гӀа де