Дика лоьраш

IMG_8058

Кху деношкахь тхо хилира  Шелан кIоштан коьртачу  больницехь. Цуьнан коьртачу лоьро Гуржаханов Илеса говзачу лоьрех бу аьлла билгалбехира  хIара лоьраш: берийн отделенин заведующи Агалаева Раиса Денисовна а, лор-ординатор Муслимова Лида.
Агалаева Раиса Шелахь йина а, кхиъна а ю. 1986-чу шарахь кхиамца чекхъяьккхира цо Шелара №8 йолу  юккъера школа. Оццу шарахь Астраханерчу медицинин институте деша яхара. И дешар дешна 1992-чу

шарахь елира. Шелан районан больнице ординатор балха йогIу Агалаева 1993-чу шарахь.  Вуьшта аьлча, ткъех шо сов хан ю цо шен лоьралла дIакхоьхьу. ХIинца берийн отделенехь заведующи ю иза. Билгалдаккха догIу, 2006–2007-чу шерашкахь Раисина Россин могашалла Iалашъяран министерствос елла Сийлаллин  грамоташ хилар. Иштта, Шелан  администрацис елла а ю цуьнан Сийлаллин грамоташ.
Цу тайппана,  къоначу лоьрашна а масал хила мегар долуш ю  лор-ординатор Муслимова Лида. 1966-чу шарахь елира Лида Устрада-Эвлара №2 йолу юккъера школа чекхъяьккхина. Ша школера яьллачу шарахь деша яхара иза медицинин институте. И дешар дешна а яьлла, 1972-чу шарахь дIаболийра цо шен жоьпаллин болх. Цкъа хьалха  Веданан районерчу коьртачу больницехь гинеколог болх бира цо. Ткъа, Шеларчу больнице 2006-чу шарахь еара Муслимова Лида. ХIара 40 шо сов хан

ю цо болх бен.  Россин могашалла Iалашъяран министерствос а, Шелан районан администрацис а Сийлаллин грамоташ  елла  цунна а.

МАТАГОВ Исхан
Саламовн сурт

№ 67, еара, 18 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: