Туркойн маттера оьрсийн матте яьккхина Йылдыр Эролан «Нохчийн истанг» книга йовзийтар дӀадаьхьира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь.

Цигахь дакъалоцуш вара Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министр Дудаев Ахьмад а, Ӏилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин векалш а.
Министра билгалдаьккхира республикин культурин дахарехь иза маьӀне а, мехала а гӀуллакх хилар.
– Уггаре а хьалха суна баркалла ала луур дара вайн мехкан Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна историн а, культурин а тIаьхьалонаш талларан а, Iалашъяран а пачхьалкхан комисси кхолларна. Вайн къам культурин йоккха хазна йолуш ду. Цундела, орамашкара дуьйна йовза еза истори а, культура а. Цу тIехь къахьоьгуш дуккха а Iилманчаш бу. Иштта, «Нохчийн истанг» книго дуккха а керланиг, аьлча а, тIамо хIаллакдина, бух байъина нохчийн кузаш даран хазна йостур ю, – элира Дудаев Ахьмада.
Суртдиллархо а волуш, Хонкарахь вехачу нохчийн къомах волчу Йылдыр Эролан книга оьрсийн матте гочъяран проектан автора, Ӏилманан редактора, фольклориста, филологин Ӏилманийн кандидата Мунаев ИсмаьӀала билгалдаьккхира нохчийн культурехь оцу книго доккха маьIна лелориг хилар.
150 шо гергга хьалха Хонкара дIакхалхийначу нохчийн тIаьхьенах волчу Йылдыр Эрола дуккха а къахьегна, цигарчу нохчийн тIаьхьенашка хоьттуш, нохчийн кузаш даран къайленаш йостуш, оцу кузашна тIехь хуьлучу тIамарийн маьIнаш достуш. ХIинца а бу вайна юкъахь нохчийн кузаш деш, шайн къоман культура ларъеш нах. ХIора а кузан тIамарш тайп-тайпана, шайн цхьа маьIна долуш хуьлу.
Цул сов, шина я кхаа басахь хуьлу нохчийн куз. Уггаре а дукха – пхеа басахь хуьлу.
ХХ-чу бIешеран юьххьехь, пхеа басахь болчу 1,5×2 метр кузан къоначу аьттан боллу мах хилла, ткъа цхьана басахь болчун – уьстагIан боллу мах.
ХIетахь Нохчийчохь цхьа а хIусам ца хилла кузаш доцуш… Къаьсттина Шелахь, Гермачигахь, Дуби-Эвлахь, Ахьмад-Юьртахь, ЧIишкахь, Элистанжахь деш хилла тIамаршца дуцуш, масех басахь долу кузаш-истангаш.
Нохчийн къоман культура кхиорна юкъа йоккха хазна йилларна, министра Дудаев Ахьмада Баркаллин кехат делира Мунаев ИсмаьIална.
ВЕГИЕВА Макка
№94, гӀуран (декабрь) беттан 8-гӀа де