Кху деношкахь Невран кӀоштан берийн библиотекехь поэт, журналист, хьехархо хилла волу Хасаров ШаӀрани даглацарна лерина кхоллараллин суьйре дӀаяьхьира.

Цигахь дакъалоцуш бара ШаӀрани уллера вевзаш хилла Нохчийн Республикин халкъан яздархо Сейлмуханов Муса, поэташ Цуцаев Ӏалавди, Яралиев Юсуп, Даудов Гилани, ткъа иштта, Соьлжа-ГӀалин №54 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо, ШаӀранин кӀант Хасаров Рамзан, Невран кӀоштан библиотекин системин (ЦБС) директор Лабазанова Марем.
Суьйре дӀахьош бара Невран №3 йолчу школин дешархой Магомадова Ийман а, Закаева Мислина а.
Библиотекин жигарчу ешархойх болчу дешархоша суьйре кечъеш даггара къахьегна хилар хаалора.
ШаӀранин дахаран а, кхоллараллин а некъех лаьцна чулацаме докладаш а еш, цуьнан байташ йийшира дешархоша.
Шаьш кечйинчу программехь видеоролик а гайтира цара.
Суьйренан хьешаша ШаӀранех лаьцна дуккха а диканиг дийцира.
Поэташа, дешан говзанчаша Ӏалавдис а, Мусас а, Юсупа а, Гиланис а билгалдоккхура ШаӀрани (Дала гечдойла цунна) бусалба дог-ойла а йолуш, нохчийн гӀиллакх-оьздангалла а евзаш, нахаца собаре а волуш, къинхетаме стаг хилла хилар.
Цунна дукхабезара шен Даймохк а, нохчийн мотт а. Цуьнан кхоллараллехь гуш ю цуьнан дог-ойла а, амалш а. Яздар нохчийн маттахь бен дезаш вацара иза.
Шех лаьцна дийца диканиг бен ца дуьтуш, 2020-чу шеран бекарг (март) беттан 22-чу дийнахь кхелхира иза.
Суьйренехь дакъалаьцначу дешархошна а, библиотекина а совгӀатана книгаш елира поэташа.
Шайн да лерина баьхкинчу нахана а, берашна а даггара баркалла олуш, вистхилира ШаӀранин кӀант Хасаров Рамзан.
Хасаров Темуркъин ШаIрани дуьнен чу ваьллера 1953-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 22-чу дийнахь, Казахстанан Кзыл-Ордан областан Терень-Узецки кIоштарчу Кокжиде юьртахь.
Дишни-Веданахь школа кхиамца чекх а яьккхина, цул тIаьхьа Эна-Хишкарчу юьртабахаман техникуме деша вахара иза.
1972-чу шарахь техникум чекхъяьккхина агрономан говзалла караерзийра цо.
1982-чу шарахь Буру-ГIалахь хилла Ламанхойн юьртабахаман институт а чекхъяьккхира цо.
1972–1974-чуй шерашкахь Советан эскарехь гIуллакх дира.
еданан кIоштан «Колхозан дахар» газетан редакцехь а, кӀоштан юьртабахаман декъехь а, Веданан КПСС-н райкомехь а тайп-тайпана белхаш бира ШаӀранис.
Дахаран доккха дакъа дIаделла хьехархочун балхана – дерриге а 25 шо, цуьнах 20 шо дIадахана юьртарчу школехь берашна хими а, биологи а хьоьхуш.
Кхоллараллин некъ дIаболийна 1971-чу шарахь. 1986-чу шарахь «Сатасаран сахьт» гуларехь стихийн цикл араяьлла.
1991-чу шарахь зорбане яьккхина «Дашо хьоза» берашна лерина байтийн гулар. Ехха зIе латтийна берийн «СтелаIад» журналаца а, «Орга» журналаца а, газеташца а.
2010-чу шарахь дуьйна Россин Яздархойн союзан декъашхо вара, 2011-чу шарахь « Нохчийн Республикин хьакъволу журналист» цӀе елира цунна.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№94, гӀуран (декабрь) беттан 8-гӀа де