«ПохIмин стелаIад»

Нохчийн Республикин культурин министерствос къоман «Культура» проектан регионан «Нохчийн Республикин кхоллараллин нах» проектан гурашкахь дIаяьхьначу регионан «ПохIмин стелаIад» фестиваль-конкурсан жамIаш дира.

Фестиваль-конкурсан коьрта Iалашо яра кхитIе а долчу дешаран корматалла йолу бераш цхьана сцени тIехь вовшахтохар а, вовшашца цаьрга уьйраш тасийтар а, церан корматталин мах хадор а.

Дагестанан а, Къилбаседа ХIирийчоь а республикашкарчу бераша а дакъалецира оцу конкурсехь. Шайн-шайн номинацешкахь толамхой билгалбехира…

«Къоман вокал – соло» номинацехь Гран-При яьккхира Соьлжа-ГIалин №4 йолчу Берийн искусствон школин дешархочо Закриев Iелас а, ХIинжа-ГIалин №3 йолчу А.Цурмиловн цIарахчу Берийн искусствон школин дешархочо Сафаралиева Миланас а.

«Эстрадин вокал – соло» номинацехь Гран-При яьккхира Соьлжа-ГIалин №1 йолчу Искусствон школин дешархоша Саидова Максалинас а, Яндиева Бэлас а, Чимаева Ясминас а, ХIинжа-ГIалин №3 йолчу А.Цурмиловн цIарахчу Берийн искусствон школин дешархоша Даудова Джамиляс а, Рамазанова Загидата а.

«Вокалан ансамбль» номинацехь Гран-При – Соьлжа-ГIалин №5 йолчу Берийн искусствон школин «Адажио» тобано а, ТIехьа-Мартан Берийн искусствон школин дешархочо Хасанова Iайшата а, Матгериева Хьайпас а, ХIинжа-ГIалин №3 йолчу А.Цурмиловн цIарахчу Берийн искусствон школин «Милашки» тобано а.

«Хореографи – сольни хелхар» номинацехь Гран-При совгIат даьккхира Соьлжа-ГIалин №1 йолчу Искусствон школин дешархочо Гакаев Хож-Ахьмада а, Буру-ГIалин искусствон лицейн дешархочо Цгоева Камилас а.

«Цхьаьна хелхар» номинацехь Гран-При – Соьлжа-ГIалин №1 йолчу Искусствон школин дешархоша Амира а, Хедас а КарагодингIара.

«Декаративни-прикладни искусство» номинацехь Гран-При яьккхира Соьлжа-ГIалин №1 йолчу Берийн искусствон школин дешархочо Дудаева Хадижата а, Шуьйтан кIоштан Берийн искусствон дешархочо Амаева Альбинас а.

«Суьрташ дахкар» номинацехь Гран-При – Соьлжа-ГIалин №1 йолчу Берийн искусствон школин дешархочо Терновская Миланас а, Къилбаседа ХIирийчоьнан Правобережни кIоштан Берийн искусствон школин дешархочо Хугаева Мадинас а.

ГЕРЗЕЛИЕВА Макка
№94, гӀуран (декабрь) беттан 8-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: