«Ахмат» эша хьакъ яцара

Россин Премьер-лигин чемпионатан 17-чу турехь Москварчу «Спартак» командин футболисташца левзира Нохчийчоьнан «Ахмат» командин футболисташ. Цхьаьнакхетар Москвахь хилира.

ТIаьхьарчу матчашкахь дIора дика ловзуш хилла боцчу хIусамдайша ирачу тIелатаршца дIайолийра матч. Цо гойтура уьш хIокху матчана леррина кечамбина юкъабевлла хилар.

Делахь а, вайн футболисташ а бацара мехкан пачхьене эша дагахь баьхкина. Цара говза юхатухура «москвахойн» тIелатарш. ХIетте а, 13-чу минотехь церан аьтто белира В.Гудиевс лардечу «Ахматан» футболистийн кевна чу буьрка тоха – 1:0. Кхиаме кхаьчнарг Мозес вара.

Цул тIаьхьа мелла а хийцаделира майданара хьал — Соьлжа-ГIалара футболисташ дикка жигарабевлира… Къаьсттина билгалвара Харин а, Уткин а, Швец а. Цара, накъостийн гIоьнца, кест-кеста кхерам туьйсура «Спартакан» кевнна. Амма церан аьтто ца болура гол тоха.

Хьалхара тайм жамI кхин хийцалуш чекхъер ю аьлла хеттачу хенахь рогIера тIелатар вовшахтуьйхира вайн футболисташа. Иза Уткина 45-чу минотехь гол тохарца дерза а дирзира. ЖамI 1:1 долуш садаIа яхара командаш.

ШолгIачу таймехь хьеший мелла а гIолехь ловзуш санна хеталора. Царна дуьхьал кIоршаме ловза безаш меттигаш дукха йогIура хIусамдайн. И бахьана долуш, суьдахочо А.Мешковс, ловзаран бакъонаш талхорна, можа (карточка) кехаташ гайтира «Спартакерчу» Промесна а, Жигона а, Айртонна а.

Цу тайппана ловзарца церан аьтто белира «Ахматан» ловзаран хатI дохо а, цхьаьнакхетар чекхдала масех минот йисинчу хенахь гол тоха а – 2:1. Цу тайппана, дагахь а доцуш ийшира «Ахмат».

Ловзаре хьаьжча, вайн команда янне а эша хьакъ яцара. Делахь а, футболехь ишттаниг нислуш ду.

Хь.САЙДАЕВ
№95, гӀуран (декабрь) беттан 11-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: