1948-чу шарахь комин къомах схьаваьлла актер, режиссер хиллачу Дьяконов Николайс пьеса язйина, ша болх бечу театрана, «Свадьба» цIе йолуш. 1949-чу шарахь комин къоман театро дуьххьара хIоттийна и пьеса. Цу спектаклан кхиамех цецваьллачу оьрсийн яздархочо Глебов Анатолийс оьрсийн матте яьккхина и пьеса «Свадьба с приданным» цIе туьллуш, шолгIачу дахаре новкъа йоккхуш. 1950-чу шарахь режиссера Равенских Бориса Москварчу Сатирин театрехь хIоттайо Дьяков Николайн пьеса. Хьовсархоша Iаламат чIогIа хазахетарца тIеоьцу иза. 1953-чу шарахь сценариста Лукашевич Татьянас сценарий язйина, «Мосфильмехь» кино йоккху оццу пьеси тIехь, режиссер Равенских Борис волуш. Васильева Вера, Ушаков Владимир, Доронин Виталий, Аросеева Ольга, Пельтцер Татьяна, иштта дуккха кхин а бевза артисташ бара цу фильмехь дакъалоцуш. Заманан йохалла кIорда ца еш, хIинца а хазахеташ хьовсу вай «Свадьба с приданным» фильме. Артистийн похIма, самукъане забарш фильмехь алссам хилар ду цуьнан коьрта бахьана. Делахь а, цу муьрехь, цхьана а кепара дуьхьало йоцуш, сел беркатечу новкъа пьеса яларан бахьана кхин цхьаъ а дара. Фильман турпалхой тайнера хьовсархошна. Ткъа уггаре а коьртаниг Хрущев Никита реза хиллера хьанал къахьоьгуш болчу кегийрхошна. Цо лаккхара мах хадийнера пьесерчу, цул тIаьхьа яьккхинчу фильман а турпалхойн. ТIекхуьу чкъор кхетош-кхиорехь боккха пайда гинера Хрущевна Дьяконовн пьесехь. Цундела цо тIедожийнера и тайпа пьесаш ерриге а театрашкахь хIиттаяр. Цул тIаьхьа дийбира юьртан бахамах йолу пьесаш. СССР-хь цхьа а театр яцара шен репертуарехь юьртан бахамах лаьцна пьеса йоцуш. ХХ-чу бIешеран 50-чу шерийн чаккхенехь меттахIоттийначу Нохчийн къоман театрехь яра и тайпа пьесаш. Музаев Нурдис язйина «Уггаре а хьомениш» яра, А. Токкаевн «ТIехьийза кIентий», Баташовн «Султанан некъ», Курбановн «Кайсаран ловзар», Мухтаровн «Доьзалан сий», Бердзенишвилин «Мохехь эрз» иштта дуккха кхиерш. Делахь а, дагахь боцу кхиам Нохч-ГIалгIайн къоман театрана беанарг Мусаев Мохьмада язйина «Цхьана юьртахь» цIе йолу пьеса яра. Нохчийн къоман дуьххьарлера режиссер Батукаев ХIарон вара Мусаев Мохьмадан «Цхьана юьртахь» цIе йолчу пьеси тIехь, изза цIе йолу спектакль хIоттийнарг. Хетарехь, цхьа а нохчийн юрт хир яц оцу спектаклаца къоман театр гастролашкахь хилаза. Амма муьлххачу юьртахь а езаш тIеэцна и спектакль, хьовсархоша хаддаза дехарш дина, кхин цкъа мукъане а цунах шайга марзо эцийтахьара бохуш. ТIаьхьо гучуяьллачу «Бож-Iела» спектакле дIагIоьрташ болчу кхиамца вайн махках чекхъяьлла «Цхьана юьртахь» спектакль. Вайн махкарчу цхьана юьртара хила там болуш бара цуьнан турпалхой, атта бевзачарах, гена боццуш хьеннан а лулара хила герга долуш, цундела хьовсархоша безаш тIеоьцура, хийра ца хеташ, церан кхиамех баккхийбеш, забарехьа даьхна гойту кхачамбацарех, цIеначу даггара белалуш. ЦIеначу нохчийн маттахь язйина яра пьеса, алссам забарш, ира, амма гамо йоцу Iиттарш, самукъане киртигаш алссам яра цуьнца. Артисташ бара спектаклехь дакъалоцуш, цхьаъ вукхул тоьлла. РСФСР-н хьакъволу артист Зубайраев ЯрагIи, Нохч-ГIалгIайн халкъан артист Дениев Iальви, Нохч-ГIалгIайн хьакъйолу артистка Ташухаджиева Асет, дукха хан йоццуш сцени тIе яьлла къона артистка Багалова Зулай. Вайн махкарчу муьлххачу колхозехь хила тарлуш долу гIуллакх дара пьесехь дийца даьккхинарг. Ахархоша дийнахь, буса садаIар хIун ду ца хууш къахьегарна, дагахь боцчу кхиамашка кхаьчна колхоз. Цуьнан председатель волчу Аптина шен хьуьнарш бахьанехь кхаьчна моьтту иза цу зовкхе. Мелла а куралла йоьссина председателан дагтIе. Цул совнаха, балха тIехь боцург кхин а цхьацца сингаттамаш бу Аптин садууш. ТIекIел зудабераш деш ю кхуьнан хIусамнана. Уьш дукха совдовларна «Сацийта» аьлла цIе тиллина. ТIаккха йиначу йоIана «Тоита» аьлла цIе тиллина. Амма хIусамнана-м сацийта, тоийта дагахь яц, цо хIора шарахь цхьацца йоI йо. Ткъа Аптина шен дебаш лаьтта бахам чуберзо кIант веза. Наха нехаш дIакхуьссучу эвлайистехь кхиъна ма вац хIара. Юьртара цхьа нисъелла жеро Совса ю председателе безамца бIаьрг бетташ. Цо хьала-охьа кIант ван магара кхунна, ша ялийча. Зубайраев ЯрагIи вара Аптин куьцехь васт кхоьллинарг. Галпеш йолу хеча, кIайчу гатанан китал, сталински олуш хилла цхьа йоккха лаба йолу хураьшка. Хураьшкин бухара бертаза схьакхевдича санна, массо чо тобеш нисйина аракхевдина кIужал. Даима багахь йоллу «Казбек» олу цигаьрка. Иштта курочу аматехь кхоьллинера Зубайраев ЯрагIис шен турпалхочун васт. Ша шех тоам бина стаг ву иза. Цуьнца къовсаме йолу кегийрхойн бригадин куьйгалхо Алпату. Алпатун роль кхиамца ловзийнарг Багалова Зулай яра. Комсомолан жигархо йолчу Алпатус дуьне тIарал гатдина председательна. Куьйгалхо вара аьлла цхьа мисхал а кхоа ца веш, йоIа Iора йоху цуьнан кIайдаргаш, беламе йоккху кура амал. Хьаналчу къинхьегамца, нийсоне кхийдачу нуьцкъалчу амалца, массаьрца ийна, елаелла-екхаелла хиларца Алпатус шегахьа боху дукхах болу къона белхалой. ХIусамден куралло, чоь юьззина долчу берийн суьро гIелйина председателан хIусамнана карзахъяккха ницкъ кхочу хьуьнаречу Алпатун. Зудчунна тIе зуда ялор нохчийн ширачу ламастех цхьаъ делахь а, цкъа а дог резадина тIелоцуш дац халкъалахь, къаьсттина зударшна юкъахь. Ткъа сцени тIера иза дастам доккхуш хилча муххален а беламе доьрзу. Иштта юьртахой кхардош дIадоьрзу Аптина ца оьшуш дина шолгIа захало а. Яра дера Мусаев Мохьмадан «Цхьана юьртахь» цIе йолу пьеса коммунистийн идеологин хIуо детталуш, шен заманан лехамашна жоп луш ца хиллехь, иза театран сцени тIе кхочуьйтур яцара. Делахь а, пьесехь хецна буьйцуш нохчийн мотт бара, алссам халкъан забар яра, къоман хотIана бIостанехьа дацара, сцени тIехь дуьйцург, лелошдерг. Авторна шен къам дезаш, девзаш хиларна къеггина тоьшалла дара и пьеса. Цхьаннах ийза ца луш, Мусаев Мохьмада говза гайтинера вайнехан оьздачу гIиллакхийн дикалла, царна юьстах лелхаро йохьуш йолу юьхьIаьржо. Цхьаннах тарвала лууш язйина пьеса яцара «Цхьана юьртахь». Нохчийн лаьмнашкахь а хьанал къахьоьгуш, Даймахкана муьтIахь долуш, комаьрша, цIеначу ойланашца дехаш адамаш дуйла дуьненна дIахаийта лааро язъяйтина пьеса яра иза, оьшшучу хенахь, оьшучу меттехь нохчийн къоман драматургина, цул тIаьхьа къоман театрана нуьцкъала гIортор хилла дIахIоьттина. Дийца даьккхинчуьра аьлча, «Цхьана юьртахь» цIе йолу цхьа пьеса хилла ца Iа Мусаев Мохьмада Нохчийн къоман театрана лерина язйина. Уьш масех ю. Ерриге вайнехан театран сцени тIехь хIиттийна ю. Цундела, къаьсттина тамашийна хета, Мусаев Мохьмадан 2015-чу шеран 15-чу июнехь бIе шо кхачар Нохчийн къоман театро ца гуш санна тIехтилийтар, яздархо цкъа а дуьненчохь хила а ца хилча санна. Цхьа а цо язйина пьеса карла ца йоккхуш. Кху шарахь фашисташца хилла Сийлахь-Даймехкан тIом дIабирзина 70 шо кхочуш карлаяккха мега долчарех яра Мусаев Мохьмада язйина «Теркан тулгIенаш» пьеса. Ткъа вай лакхахь йийцина «Цхьана юьртахь» цIе йолу пьеса муьлххачу хенахь а карлаяккха мегар долуш ю. Мусаев Мохьмадана цунах хIума кхочур ду бохург дац вай дуьйцург. Иза-м нохчийн литературехь хьанал къахьегна Далла дуьхьал дIавахана. Цунна тахана вайгара хIумма ца оьшу. Цуьнан чулацамечу кхолларалле бIаьрг кхарстор, пьеса театрехь карлаяккхар вайна оьшура, тIеман кIуьрлахь хьалакхиъначу кегийрхошна иштта похIме яздархо нохчийн къоман цкъа мацах хиллий хаийта. Россин Президента Путин Владимира 2015-гIа шо литературин шо ду аьлла дIакхайкхийна хилча мукъане, дагалаца вай, вайна юкъара дIабахана яздархой. Царал гIоле болуш ма ца хестабо кхечара литературехь къахьегна шайн къаьмнийн векалш. Къоман иэс сема хиларна хестабо. Шайх хIораммо дозалла дан хьакъ долуш дуккха яздархой бу нохчийн къоман, доьналлица инзаре халчу зерех чекхбевлла, Далла дуьхьал дIабахана. Церан сий-ларам бан хьекъал, синшорто хуьлийла вайгахь.
А.АРАПХАНОВА
№ 67, еара, 18 июнь, 2015 шо