Къоман «Дика а, кхерамза а некъаш» проектан гурашкахь «Учи.ру» дешаран майданахь дIаяьхьначу ерригроссин «Кхерамза некъаш» онлайн-диктантехь дакъалецира Нохчийн Республикерчу 60 эзар беро.

Россин Федерацин транспортан министерствос а, Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствос а Серлонан министерствоца цхьаьна вовшахтоьхна дара диктант дIаяхьаран гIуллакх.
Халкъан проекташ кхочушъяран Iалашонашна юкъахь ю «Некъийн транспортийн бохамаш лахбар» Iалашо а.
– Уггаре а хьалха гIашлойн некъан боламан бакъонаш йовза еза дешархошна. Дукха хьолахь, некъ бацбархьама, магийна доцчухула некъал дехьа бовла гIерта уьш. Амма, цунах бохам хуьлуш меттигаш сихсиха нисло. Школашкахь, некъан боламан бакъонаш Iаморан дарсаш а ду дIахьош. Делахь а, диктант дIаяьхьаро берашна бакъонаш йовзар гучудоккху, – билгалдаьккхира ерригроссин «Кхерамза некъаш» онлайн-диктант дIаяхьарна тIехь терго латтош волчу Россин Федерацин Правительствон Председателан заместитела Хуснуллин Марата.
Дуьххьара «Кхерамза некъаш» онлайн-диктант 2019–2020-чуй дешаран шарахь дIаяьхьира.
Россин 85 регионерчу 1–4-чуй классашкарчу 2,2 миллион беро дакъалецира цигахь.
Ткъа кху шарахь 1–9-чуй классашкарчу 3,7 миллион дешархочо дакъалецира диктантехь.
Оцу терахьо гойту, бераш некъан боламан бакъонаш хааран зерех чекхбовла кийча хилар.
Берийн самукъадер долчу агIор, компьютеран ловзар санна, кечйина яра диктант. Шайна чохь билгалбина тупалхой а болуш, некъан боламан бакъонаш ларъеш, тIедехкина декхарш кхочушдан дезаш дара. Дерриге а бархI тIедиллар дара. Лерринчу сайта тIехь шен фамили, цIе, школин адрес, класс дIаязйина, я школехь, я цIахь тIедахкарш кхочушдан йиш яра берийн.
Диктантан зерех чекхбевллачу дешархошна сертификаташ а, дипломаш а делира. Амма царал деза ду царна, некъан боламан бакъонаш йовзар. Ткъа Нохчийн Республикехь кхочушъечу къоман «Дика а, кхерамза а некъаш» проектан гурашкахь кху шарахь Соьлжа-ГIалин, Устрада-ГIалин школашна а, берийн бошмашна а тIебоьду 28 некъ тобина.
ВЕГИЕВА Макка
№95, гӀуран (декабрь) беттан 11-гӀа де