Дааев Хож-Бауди Нохчийн меттан институтехь хилира

Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министр Дааев Хож-Бауди Нохчийн меттан институтехь хилира.

Министр институтан хьелашка а хьаьжна, институтан коллективо карарчу хенахь а, шеран йохалла а бечу балхах дерг уллера довза лууш цхьаьнакхийтира Нохчийн меттан институтан директорца Умхаев Хьамзатаца.

Министерствон пресс-службо Инстаграмерчу шен агӀонехь билгал ма-даккхара, институто бечу балхана юкъадогӀу нохчийн меттан а, литературин а, халкъан барта кхоллараллин а, ламасталлин культурин а, вайн мехкан историн а, географин а дакъошкахула талламан белхаш дӀабахьар а, Нохчийн Республикин юкъарчу дешаран учрежденешна (школаш а, гимназеш а, лицейш а) Ӏилманан-методикин гӀирсашца а, Ӏаматашца а кхачояр, нохчийн къоман гӀиллакх-оьздангаллин баххаш Ӏалашдар, ПКЭ-на а, ПЦЭ-на а оьшуш болу гӀирс вовшахтохар а, иза зорбане баккхар.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца, Нохчийн меттан институто кхочушбо нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн говзалла лакхаяккхаран болх а.

Институто хӀокху тӀахьарчу шина шарахь кхочушбина уггаре а мехала болх лара мегар ду «Нохчийн меттан орфографин йоккха дошам» а, «Нохчийн меттан нийсаяздаран коьрта бакъонаш» гулар а вовшахтохар а, зорбане яккхар а.

Вайна массарна а гуш ду Дааев Хож-Бауди ша кхочушбечу белхашкахь, нохчийн мотт а, къоман гӀиллакхаш а дезарца, уьш ларарца билгалваьлла хилар.

Ларамза дац «Нохчийн мотт кхиорна а, Ӏалашбарна а» мах хадош луш йолу орден Дааев Хож-Баудина елла хилар а.

Нохчийн меттан институтан директорца Умхаев Хьамзатаца цхьаьна институтан кхерчахь йолчу лабораторешка а, Дешаран-методикин туьшан а, Дешаран-хаамийн технологин туьшан а кабинеташка а, Нохчийн меттан музей чу а, библиотеке а хьаьжира министр.

ТӀейогӀучу хенахь кхочушъян езачу Ӏалашонех а, Институтан коллективана хьалха лаьттачу декхарех а, ишшта, нохчий мотт кхиорна а, Ӏалашбарна а гуонаха кхоллалуш йолу ойланаш йовзуьйтуш а беркате дара министарца хилла цхьаьнакхетар.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№95, гӀуран (декабрь) беттан 11-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: