«Диканиг луо» акци дIаяьхьира

Нохчийн Республикин культурин министран Кадырова Iайшатан дIалолорца, беркате ламаст хилла, Керла шо тIекхочуш, хIора шарахь дIахьош ю гIоьналлин «Диканиг луо» акци.

А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь дIаяьхьира рогIера гӀоьналлин «Диканиг луо» акци.

Соьлжа-ГIалин берийн кхоллараллин а, культурин а цIеношкарчу 20 кхиорхочо дакъалецира цигахь.

Кадырова Iайшата а кечдира цхьа лоппаг. Берийн дог-ойла кхин а чIогIа гIаьттира, шайца цхьаьна культурин министра акцехь дакъалаьцча.

– «Диканиг луо» акци дIаяхьаро берашна Iамадо совгIаташ схьаэцар санна, уьш далар а самукъа, ирс хилар, Шайн куьйга диначу лоппагашца, бераша шайн деган йовхо а ло, – элира Кадырова Iайшата.

Керлачу шеран суьрташ а, лайн чимаш а, лаьмнаш а, бIаьвнаш а, иштта дуккха а кхидолу суьрташ а дохкуш, бес-бесарчу басарша кечдира лоппагаш.

Бераша кечдина лоппагаш Нохчийчоьнан коьртачу базалгашна тIехь хир ду, уьш эца йиш хир ю муьлххачу а вахархочун.

Ткъа и лоппагаш доьхкина ахча могашалла ледара йолчу берийн лерринчу туьшашна гIоьнна хьажор ду.

ГЕРЗЕЛИЕВА Макка
№95, гӀуран (декабрь) беттан 11-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: