Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хIокху деношкахь цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийчоьнан физически культурин а, спортан а министраца Дадаев Мусаца.

Цигахь дийцаре динчу мехалчу гIуллакхашна юкъахь дара инфраструктура кхиоран, говзанчийн таронаш лакхаяхаран, керла чемпионаш кхиоран, пайдаэцаза юьсучу тIаьхьалонех буьззина пайдаэцаран хьокъехь дерш.
Кадыров Рамзана дIахаийтира федерацешкахь долчу хьолана ша реза цахилар. Цо аьлла ма-хиллара, цхьаболчу куьйгалхоша а, тренерша а шайн балхахь хьакъ ма-дду къа ца хьоьгу.
«Федерацийн куьйгалхошний, тренершний тIехь жоьпаллин боккха мохь бу. Доггаха къахьега дезаш а, шайн гIуллакхан бакъболу говзанчаш хила безаш а бу уьш дуьненан, Европин, олимпийски ловзарийн чемпионаш кхиорхьама. Цундела къаьсттина тидам тIебахийта беза говзанчийн белхан таронаш алсамъяхарна. Нагахь санна стаг шен меттахь вацахь, цуьнан метта кхин лаха веза, и гIуллакх тIаьхьа а ца тоьттуш. Цунах доьзна ду вайн спортан хиндерг», – элира Р.Кадыровс.
Иштта, цо билгалдаьккхира республикехь спортан кхиъна инфраструктура хилар, тахана долуш долчу хьелаша, сборашка регионал арахьа лела а ца дезаш, тоьлла спортсменаш кхион таро луш хилар.
«Вайн республикехь вайга кхиа а лур бу, вай кхион а беза тоьлла спортсменаш. Сборашкахь кхоийна харжаш кхечу гIуллакхна хьовсо мегар ду. Вайн республикехь тIехдика хьелаш кхоьллина тренировкийн сбораш дIаяхьа. Вайна иза хууш ду. Говзанчаша чIагI а дина, цхьа оьшуш хьал хилчий бен субъектал арахьа лела оьшуш дац», – бохура цо.
Министра дийцира Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна спортан федерацийн а, тренерийн а белхан хьесапаш деш хиларх лаьцна.
Цо дийцарехь, мониторинган жамIаш хьесапе а оьцуш, дIахьур долуш ду спортсменаш кхиоран система тояран, карлаяккхаран гIуллакхаш.
Къаьсттина тидам хIинцале а тIебахийтина «Рамзан» футболан академин балхана — пхи шо далале «Ахмат» футболан команди юкъахь кхузткъе итт проценте кхаччалц меттигера футболисташ хилийта ойла ю.
Дадаев Мусас иштта хаийтира спортан инфраструктурина модернизаци ярехь деш гIуллакхаш хилар.
Ша аьлча, кхоччуш тоеш ю Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу спортсменаш кхиоран республикин туш а, цхьамогIа кIошташкара спортан комплексаш а.
Д.АНАДЕВ
№95, гӀуран (декабрь) беттан 11-гӀа де