Тарвийхь ламаз къаьсттина Рамадан баттахь деш долу буьйсанан ламаз ду.
Маьждигехь жамаIатца дар гIоле ду иза, ша цхьамма цIахь дича а, хуьлу. Иза деза суннат хилар гойтуш ду Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дина хилар а, диначунна хуьлуш йолу ял йийцина хилар а.
Бухарис а, Муслима а, Абу-ХIурайратера ду аьлла, дийцина ан(Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадис. Цо аьлла: «Рамадан баттахь, уьш дан дезаш хилар бакъдеш волуш, даггара Делан дуьхьа (таравийхь ламазаш деш) лаьттинарг – цунна гечдийр ду хьалха динчу къиношна».
Асхьабаша, хIора ши ламаз мосазза ди. СадоIуш хилла цундела, таравийхь (садаIаран) ламаз аьлла цIеяхна цуьнан.
Цуьнан хан пхьуьйра ламаз динчул тIаьхьа, Iуьйра ламазан хан тIекхаччалц ерг ю.
Цуьнан барам ткъе кхо ракаIат а, кхойтта ракаIат а, цхьайтта ракатIат а бу, аьлла хьахийна меттигаш ю. Вайн махкахь лелош дерг цхьайтта ракаIат ду шишша ракаIат долу диъ ламаз а, уьш дерзош деш долу витран кхо ракаIат а.
Ламазан даран кеп
Пхьуьйра ламаз, цул тIаьхьа долу ши ракаIат суннат ламаз дина, тасбийхь, доIа дина ваьлча. Кхана кхаба дезачу мархин нийят дийр ду:
Ас нийят ди кхана хIокху шеран Рамадан беттан фарз марха Делан дуьхьа кхаба аьлла. ТIаккха, хIора ламазана хьалха имама: Ассолату жамиIахI аьлча, массара а: Ла хьавла ва ла къуввата иллахIи биллахIи. АллахIумма солли Iала Мухьаммадин ва Iала али Мухьаммадин ва саллим. АллахIумма Инна насъалукал-жаннати фанаIузу бика минан-нари, – аьлла, таравийхь ламаз доьхкур ду: Ас нийят ди тарвийхь хиллачу хьолехь ( я имамана тIаьхьа хIоьттина) Далла дан, АллахIу Акбар, – аьлла.
Иштта таравийхьан диъ ламаз (бархI ракаIат) дийр ду.
ХIора ши ламаз мосазза ди: СубхьаналлахIи, вал-хьамду лиллахIи, ва ла илахIа иллалахIу, валлахIу Акбару. СубхьаналлахIи Iадата халкъихIи, ва ризоа нафсихIи, ва зината IаршхIи, ва мидада калиматихIи, – эр ду.
ТIаккха витру ламазаш дийр ду Ас нийят ди витран ши ракаIат суннат ламаз Далла дан, – аьлла доьхкур ду хьалхарниг.
ШолгIаниг: Ас нийят ди витран цхьа ракаIат суннат ламаз Далла дан, – аьлла доьхкур ду.
Цул тIаьхьа хIара тасбийхь дийр ду: Субхьанал-Маликил-Къуддуси, Субхьанал-Маликил-Къуддуси, Суббухьун, Къуддусуи, Роббуна ва Роббул-маликати вар-рухьи. Субхьана ман таIаззаза бил-къудроти вал-бакъаи, ва къахIарал-Iибада билмавти вал-фанаи, Субхьана Роббика Роббил-Iиззати Iамма ясифуна, ва саламун Iалал-мурсалийна, вальхьамду лиллахIи Роббил-Iаламийна.
ТIаккха доIа дийр ду:
Алхьамду лиллахIи Роббил Iаламийна вас-солату вас-саламу Iала расулиллахIи.
АллахIумма заййина бизинатил-иймани. Ва шаррифна бишарафатил-хIидаяти вал-Iирфани, ва акримна бисиями шахIри Рамадан а варзукъанал-жанната вал-гIуфрана. Ва такъаббал мина таравийхьана я субхьану, вастажиб дуIаана я Хьаннану, бифазлика ва жудика я Маннаиу. Бирохьматика я Арахьамар-Рохьимийна. АллахIумма солли Iали Мухьаммадин ва Iала али Мухьммадин ва саллим. (фатихьа).
Къунут-доIа
Рамадан беттан шолгIачу декъехь, витран цхьа ракаIат долчу ламазехь рукуIера хьаланисвелчи къунут-доIа дешар суннат ду. Нахалахь «МахIдин» доIа аьлла девзаш ду иза: «АллахIуммахIдини (на) фийман хIадайта, ва Iафини (на) фийман Iафайта, ва ва таваллани (на) фийман таваллайта, ва барик ли (лана) фийма аIтIойта. Ва къини (на) шарра ма къозайта, фа иннака такъзи ва ла юкъзо Iалайка, ва иннахIу ла язиллу ан валайта, ва ла яIиззу ман Iадайта, табарокта Роббана ва таIалайта. Фалакал-хьамду Iала ма къозойта. Ва лакаш-шукру Iала ма хIадайта, (н) астагIфирука ва (н) атубу илайка. Ва соллаллахIу Iала сайидина Мухьаммадинин-набиййил-уммиййи ва Iала алихIи ва сохьбихIи ва саллама».
Нахе ламаз дойтуш хьалхаваьллачо (имама), хIара доIа хезаш а, лакхахь вай йиначу билгалонашца дукхаллин терахь лелош а доьшур ду. ТIаьхьахIиттинчара (маъмумаш), юьххьера дуьйна иза дешна валлалц цунна тIаьхьара амин эр ду.
ХIара доIа доьшуш, куьйгаш хьалаайдийр ду, чекхдаьлча, куьйгаш юьхьа тIе ца хьокхуш, сужуде гIур ду.
МУРТАЗАЕВ Сайд-Мохьмад-Хьаьжа
№ 67, еара, 18 июнь, 2015 шо