(Юьхь – 65-чу номерехь)
ШолгIачу Iуьйранна Ахьмад-Хьаьжас, со тIе а кхайкхина, соьга хаьттира Соьлжа-ГIала ваха кийча вуй хьо аьлла. Ас жоп делира: «ХIаъ, ву», – аьлла. «ГIарол сайниг дуьгур ду ахь хьайца, – элира цо. – Хьуна Соьлжа-ГIала дика евза. Республикин тайп-тайпанчу меттигашкара богIучу нахана вайна тIекхача атта хир долччохь цхьа меттиг лаха вайна». Цхьа а дош ца элира кхераме хиларх а, белхан хьелех а лаьцна. Цунна коьрта дара адамийн хьокъехь гIайгIа бар, царна бегIийлаш хилийтар. Ас сайна гIарол ца оьшу элира. ХIунда аьлча цуьнан гIаролехь иттаннга кхочуш стаг а вацара – Кадыров Рамзан, Алханов Руслан, Тагиров Iела, Делимханов Адам, цуьнан вежарий, Денилханов Шамхан, Яхъяев Руслан, Вайханов Халид, Магомаев Шемал – Ахьмад-Хьаьжина уггаре а тешаме, уггаре а муьтIахь, цIена накъостий. Суна хаьара цара дийнахь-бусий, мел дукха йича а, 4-5 сохьтехь бен наб еш йоций.
ТIаккха цо элира: «Дика ду. ДIагIо. Ас тешаме цхьа накъост лур ву хьуна». ТIаккха кабинета чукхайкхира шен гIоьнча Насуханов Ваха. Тхойшиъ новкъавелира. Хьалха 45 минотехь беш хилла некъ, блокпосташ тIехдукха хиларна, масех сохьтехь бира. Соьлжа-ГIалина герга кхаьчча а, Соьлжа-ГIалахь а со инзарваьлла, бIаьргашчу хи а хIоьттина, саьлнашка, дохийначу, аьттачу цIеношка, дукха гIаьтнаш долчу цIенойн дохийначу пенашка, нехийн оьланашка, аьттачу некъашка, царна тIехь долчу даккхийчу оьрнашка хьоьжура. Оцу хьоле ерзийна яра Соьлжа-ГIала – ХХI-чу бIешеран Сталинград…
ГIалахь суна ца евзаш меттиг яцара. Суна хаьара мичахь лаха еза «тхуна тIекхача аьтто болу меттиг». Амма гIали юккъера массо а гIишло йохийна яра. Гуонаха тийналла яра. Дохийначу, лелхийтинчу цIенойн хьакхлагIаш яра. Пачхьалкхан учрежденеш, КПСС-н обкоман, Министрийн Советан, горкоман, райкомийн гIишлонех дийна дисина хIара ду ала хIума дацара. Суна дагадеара цкъа мацах со йийбаран фабрикехь хилла хилар. Цигахь административни дика гIишло яра, йийбаран исбаьхьа цехаш а яра. Цига вахара тхойшиъ, хьем ца беш. ГIишлон цхьа дакъа дохоза дисина хиллера. Масех чохь дIатаръелла яра Соьлжа-ГIалин а, Ленински районан а службаш. Кертахула хьожуш чекхвелира со. Оцу хенахь тоьлла меттиг яра иза, дикка йохийна хиллехь а. Делахь а ши гIат долу гIишло сихха меттахIотто мегар долуш яра, ткъа йохийна цехаш, битаме ялон мегар дара. Царна юххе вагонаш хIитто а мегар дара, болх бан а, Iан а. Цигара юха а веана, ас а, Насухановс а дийцира меттиг хаьржина хиларх а, цигахь (Правительствон гIишлонийн керла комплекс ян меттиг билгалъяккхалц) Iан мегарг хиларх а лаьцна. Ахьмад-Хьаьжас республикин Правительствон Председателе С.Ильясовга дийхира охашимма бохучуьнга ладогIар а, сихха Соьлжа-ГIала дIакхалхарехьа гIуллакхаш дар а.
Цул тIаьхьа ши бутт балале, кхоччуш тойина а йовлазчу гIишлошчу, вагонашчу схьа а кхелхина, 2001-чу шеран апрель чекхболуш Соьлжа-ГIалахь болх бан йолаелира Нохчийн Республикин Правительство а, Администраци а. Иза Ахьмад-Хьаьжин толам бара. Иза толам бара Нохчийчоьнан пачхье кхечанхьа дехьа яккха луучарна тIехь баьккхина. Иза толам бара республикин хиндолчух цатешаш болчарна тIехь баьккхина. Iедал ша хила деззаче, Нохчийн Республикин пачхьене – Соьлжа-ГIала схьадеара.
Дера, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а гIишлойн комплексана герзаш ма деттара, чевнаш йинарш а ма бара, Соьлжа-ГIала вогIуш а, цу чуьра араволуш а, шайн дай баьхначу юьрта Хоси-Юьрта воьдуш а, цу чуьра араволуш а Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна дуьхьал дукхазза а теракташ а ма йора. Делахь а Ахьмад-Хьаьжа тешна вара ша хаьржинарг нийса некъ хиларх, республикин пачхье Соьлжа-ГIала хила езарх. «Соьлжа-ГIала-м вай меттахIоттор ю», – олура цо.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжина дуьхьал теракташ йора Гуьмсехь а, Аргунехь а, Соьлжа-ГIалахь а, кхечанхьа а. Амма уьш йора аьлла адамаш цунна тIаьхьара дIахедаш дацара, мелхо а тIегIерташ дара. Алсамбовлуш бара цунах тешаш берш. ХIоразза а, хIора дийнахь иза балха ваха араволуш, доглазарца иза новкъа воккхура цунна муьтIахь йолчу, цуьнан дикачу хIусамнанас Айманис. Мокъа деанчу сохьташкахь, иза Хоси-Юьрта цIа веача сан дуккхазза а нисделла балхаца доьзна сихха цунна тIекхача везаш хьал. Суна даима а сингаттаме гора Аймани. Цкъа а иза йоьлуш ца гора. Шен хIусамден, кIентийн, йоьIарийн кхолламна сагатдаран марха хаалора цуьнан юьхьа тIехь. Амма даима а веза хьаша санна тIеоьцура цо, суо сайн цIакхаьчча санна хоьтуьйтуш. Баккъал а, кхуза кхаьчча сапаргIат а хуьлура со.
Ахьмад-Хьаьжин доьзалех лаьцна дуьйцуш хилча, цуьнан бераш ца хьахош Iойла дац. Суна кест-кеста гуш верг Рамзан а, Зулай а дара. Зеламха а, Зарган а наггахь бен ца гора. Шеко йоццуш, Рамзан дукхавезара цунна. Иза хьоме вара. Цунах хIуъа а тешадора. Иза даима а цунна юххехь вара. ГIаролан хьаькам хиларна а доцуш, тешаме бIанакъост, накъост, доттагIа санна. Цунах дIакъасталур боцу, бохалур боцу мокхазан чхар бара иза. И шиъ – цхьаъ вара. Суна кхечу доьзалшкахь наггахь бен гина дацара ден а, кIентан а иштта цхьаалла хилар, вовшех оццул чIогIа кхеташ хилар, хьежамаш цхьабосса хилар. Суна хетарехь, Ахьмад-Хьаьжас ша дийна велахьара дозалла дийр дара шен кIанта Рамзана йоццачу хенахь (теша а ца теша) Гуьмсе, Аргун, Ведана меттахIоттийна, Соьлжа-ГIалин сибат хийцина хилар гича. Цо дозалла дийр дара цунах, хIунда аьлча иза тешара Рамзанах, хаьара цо ша юьхьIаьржа хIоттор воций. Иза цуьнан сатийсаман нур дара, цуьнан дуьхьа вехаш вара иза.
Ахьмад-Хьаьжа чIогIа эхь-бехк, гIиллакх-оьздангалла, яхь-юьй йолуш, доккха ийман долуш стаг вара. Хьал-бахам безаш, и лоьхуш стаг вацара иза. Россин Федерацин Президентаца шен дика юкъаметтигаш хиллехь а, цкъа а цуьнга шена хIума доьхуш ца хаавелла суна Ахьмад-Хьаьжа. Суо цунна уллехь хиллачу оцу шерашкахь шена а, шен гергарчарна а хIума йоьхуш Россин хьаькамашка кехат яздеш а ца хааделла. Амма Нохчийчоьнан бахархошна оьшучунна лам хилла дIахIоьттина вара. Москварчу тоьллачу клиникашка, лаккхарчу дешаран заведенешка нах хьовсош гIодора. Иштта гIо-накъосталла дора хIусамаш оьшучарна, бехк-гуьнахь доцуш дIалецна нохчий паргIат бахийтарехь. Ткъа шена хIумма а доьхуш вацара. Цуьнан хьокъехь В.Путина чIогIа нийса элира: «Иза бакъволу турпал стаг вара. Цо шен дерриге а дахарца къеггина гойтура бандиташна а, террористашна а, дийнна халкъана а юкъахь цхьа а хIума цахилар… Ма-дарра аьлча, хIокху дерриге а шерашкахь Нохчийчоь а, нохчий а шена тIехьа лаьцна, республика машаречу дахаре юьгуш вара иза…».
Тхуна, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин бIанакъоасташна уггаре а чолхе а, хиндерг цахууш а дара 2003-гIа шо – Нохчийн Республикин Президентан харжамаш хуьлу шо. Тхо шеконаш йолуш хилар а, я «цхьаъ» ца хууш хилар а дацара иза. Хаттар цIеххьана хIоьттира, президент хила лаам болу ткъех стаг гучуваьлча. Царна юкъахь зеделларг долуш, корматаллаш йолуш, даррехь аьр вай, цхьанна а дагахь ца хилларш а бара. Царах цхьаберш республика меттахIотторехь дакъалаьцна, Нохчийчуьра политикин хьал лартIе далорна юкъагIиртина а бацара. Цхьаберш нахалахь кхин сий-ларам болуш бацара. Хаамийн гIирсаша дIадолийра царна «зурманаш» лекхар, церан рейтингаш йовзийтар. Оцу хьолехь Ахьмад-Хьаьжас дуьхьало йира Нохчийн Республикин Президентан дарже шен кандидатура хьалхататта. Иза реза ца хилира политикин партешка ша оцу дарже хьалхататтийта. Цо дIахьедира: «Нагахь санна харжамашкахь дакъалоцуш хилахь а, нохчийн халкъан цIарах волчу веккъа цхьана кандидата санна бен дакъалоцур дац ас». Цо леррина тидам бора СМИ-хь харжамийн хьокъехь дечу къамелийн. ДIадолийра кандидаташа регистраци яр. Цхьамма, шимма, кхаамма… иссамма регистраци йира. Амма Ахьмад-Хьаьжас шена регистраци ян бакъо ца лора.
Нохчийчоь сагатдан йолаелира. ЗIенаш еттара. Геланчаш эха буьйлабелира республикин Куьйгалхочун Администраце а, Правительстве а. Цара хоьттура: республикина куьйгалла деш волу стаг, тхо шех тешаш долу стаг, республикин дахар хIинцале тодан волавелла стаг вист ца хуьлуш, шен кандидатура хьалха ца тоттуш хIун деш Iаш ву? Тхо, Кадыров Ахьад-Хьаьжин бIанакъостий Хоси-Юьртахь цхьанакхийтира. Иза чIогIа цецваьлла вара ша волчу оццул дукха адамаш эхарх, цара Нохчийчоьнан Президентан дарже шега шен кандидатура хьалхататта бохуш дукха дехарш дарх. Иза дерриге а халкъан лаам бара. Халкъана мехала доцуш дара шайн хьалхара Президент мила хир ву бохург. Зуькар чекхдаьллачул тIаьхьа Ахьмад-Хьаьжига дехар дира республикин Госсоветан Председатела Исаев Хьусейна, Нохчийчоьнан муфтис Шамаев Ахьмад-Хьаьжас, вице-премьера – юьртан бахаман министра, сий-ларамечу Абдурахманов Дукхувахас, яртийн, гIаланийн, партийн, боламийн иттаннаш векалша. Иза дехар хилла Iаш дацара, иза Кадыров Ахьмад-Хьаьжа республикин куьйгаллехь хила лааран халкъан лехам бара.
2003-чу шарахь 3-чу августехь Ахьмад-Хьаьжа резахилира Нохчийн Республикин Президентан дарже дерриге а халкъан цIарах шен кандидатура хьалхататта. Тхо сихха харжамхошна юкъахь болх бан дуьйладелира. Тхо нийсачу некъа тIехь хиларх тешна хилар гуш долчу адамаша тхан гIолоцура. Тхан харжамийн штабан кураторш бара ерриге а районашкахь. Йисинарг уггаре а чолхе меттиг – Соьлжа-ГIала яра. Массо а кхеташ вара гIаларчу бахархошца болх бан хала хирг хиларх. Нагахь санна районашкахь а, ярташкахь а дукхахберш вовшашна бевзаш, вовшашца гергарлонаш долуш, шайн къаной болуш белахь, йохийначу, саьлнашкахь Iуьллучу Соьлжа-ГIалахь массо а меттехь блокпосташ яра, тайп-тайпанчу районашкара схьадаьхкина адамаш дара, царна бан болх бацара. хала дара цаьрца къамел дан, церан ойла тIеерзо, уьш тешо, цаьргахь дикане сатийсам кхолла. ХIаъ. И адамаш дара цхьаьнатоха дезаш. Уьш бара кхане дика хирг хиларх тешо безаш.
Оцу хьолехь сан даттагI а, бIанакъост а волчу Исаев Хьусейна соьга дийхира Соьлжа-ГIалахь йолчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин штабана куьйгалла дар. Иза шен дегIаца амбразура дIакъовлар санна хIума дара. Цунна ма дара тхо бIанакъостий – хала некъ харжа.
…Ахьмад-Хьаьжин заместитель а, Администрацин Аппаратан куьйгалхо а волчу ас Исаев Хьусейнна республикин Куьйгалхо вовзийтира. Оцу сохьта юкъара мотт карийра цу шинна. ХIора денца чIагIлуш дара цу шиннан гергарло, доттагIалла. ЧIогIа цхьаьна догIуш, вовшийн тIедузуш дара церан хьекъал, хьикмат, зеделларг, Iилма, хаьржина некъ нийса хиларх болу тешам. Бакъонца къонахийн доттагIалла а, Нохчийчоьнан хиндолчух долу Iедалан шина генан жоьпалла а дара иза…
Штабан декъашхой чохь а болуш, Исаев Хуьсейна телефон туьйхира Ахьмад-Хьаьжига. Цуьнан Соьлжа-ГIалахь йолчу штабана коьрте со хIоттор дийхира цо. Ас сагатдора, харжамаш дIа муха гIур бу ца хууш, сан алссам зеделларг хиллехь а, Ахьмад-Хьаьжина а, Хьусейнна а хьалха юьхьIаьржа хIотторна кхоьрура. Делан къинхетамца, адамаш тхоьх тийшира. Тийшира тIом сацон, кху чохь маьрша дахар хилийта, Нохчийчоь йоццачу хенахь меттахIотто ницкъ кхочу берг Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бен цахиларх. Тхо кхиамца ларийра тхайна хьалхахIоттийначу декхарца. Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хьалхарчу турехь толам баьккхира. Цуьнгахьа кхаж тесира 80,84 процент харжамхоша.
…Ткъа дахар-м лартIе догIуш дара. Даррехь гуш дара Ахьмад-Хьаьжин сий-ларам, мах лакхаболуш хилар. Иза чIогIа сиха Iемара шена уллехь болчарах. Сихха духе кхиаволавелира промышленностан а, агропромышленни комплексан а проблемашна. «Ахьмад-Хьаьжа, Дала дика дина стаг ву-кх хьо: Дала хьекъал, похIма, Iилма, хIуманна духе кхиар делла хьуна. Массо хIума а цу минотехь схьалоцу ахь», – ас аьлча, цо вела а велла элира: «Хьуна ца хаьа со мел чIогIа къахьоьгуш ву Iама гIерташ, суна хан, буьйса ца тоьа Iама. Со баккъал а Iемаш ву, ас къамел дан дезачеран тIегIанехь суо хилийта». Воккхавеварца хьоьжура со иза регионан тхьамда санна кхиъна ца Iаш, Россин а, дуьненан а тIегIанера политикин гIуллакххо санна кхуьуш хиларе. Баккъал а, Нохчийчоьнан муфти хилла волу иза дуьненан тIегIанера политик хилла дIахIоьттира.
…Нагахь санна нохчийн халкъо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин весеташ кхочушдахь, вайн махкахь кхул тIаьхьа баккхий бохамаш, тIемаш хир дац, халкъ ирсе боьдучу новкъа хьалхахьа гIур ду. Иза цIеххьана вайна юкъара дIавахар дерриге а халкъана боккха бохам, доккха тохар дара. Нохчийчоьнан а, Россин Империн а оьмарехь цкъа а хилла дацара оцу халкъийн куьйгалхой В.Путин а, А-Хь.кадыров а санна вовшех кхетар, вовшийн сий-ларам бар. «Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дахарера дIавахара 9-чу майхь. Вайн дерригхалкъан дезачу дийнахь – Толаман дийнахь. Иза дIавахара тоьлла а волуш», – дIахьедира Россин Федерацин Президента В.Путина Нохчийчоьнан Президентан кIантаца Р.Кадыровца 2004-чу шеран 9-чу майхь хиллачу цхьаьнакхетарехь.
Суна а боккха бохам вара иза. Со Нохчийн Республикин Президент а, доттагI а дIаваьлла висира. Шен дахарехь уггаре а чолхе беанчу муьрехь сох тешна хилла дика накъост воцуш висира со. Сийлахь-воккха Нохчи дIаваьлла висира. Нохчийн цхьана а доьзалехь «тIом» боху дош дага догIу доцу синтеме хьал кхолла сатесна вира иза. Мел дукха дара цуьнан халкъан зовкхан дуьхьа дан леринарш. Мел дукха гIуллакхаш дина хир дара цо дийна висинехь!
Иза дIавахана. Делахь а цо динчу, дан лерина хиллачу диканашна дуьхьал диканаш дан аьтто бу тахана нохчийн халкъан. И дика дар хир ду цуьнан кIантана, Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна, Россин Турпалхочунна Кадыров Рамзанна гуонаха цхьаьнакхетар, иза Iалашвар, шен ден сатийсамаш кхочушбарехь цунна гIодар, оьзда, гIиллакхе, ийманехь хилар.
Ас Далла хастам бо вайн халкъана уггаре а кхераме беанчу муьрехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжина юххехь нисваларна, цуьнан накъост хила аьтто баларна. Суна чIогIа лаьа Ахьмад-Хьаьжас басах доьдучуьра кIелхьардаьккхина долчу нохчийн халкъан кхане зовкхе, токхе, маьрша, ирсе хуьлийла. Иза иштта хилийта вай деша деза, Iилма Iамо деза, доггаха къахьега деза. ТIаккха вай цхьаьнгга а Iехалур дац.
P.S. Вайна, нохчашна, цкъа а ца хиъна вешан тхьамданаш ларбан, царах дозалла дан. Цу тIе дукха а хилла вайна юкъахь «тхьамданаш» хила лууш берш, хIуъа дина а республикера лаккхара дарж дIалаца лууш берш, шел хьалха хилларш бех а беш, Кремлерчу Iедалан сенешкахь шайна гIо-орца а, верасаш а лоьхуш. Амма хIинца сан тешна хиларца ала йиш ю: «Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин бIанакъост, тешаме кIант, патриот волу Кадыров Рамзан воцург кхин цхьа а вац Нохчийчоьнна куьйгаллехь хила хьакъ. Цхьа а вац цо йоццачу хенахь динарг дан хьуьнар, ницкъ кхочур болуш, Ахьмад-Хьаьжин, делахь хIета дерриге а нохчийн халкъан сатийсамаш кхочушбалур болуш».
Дениев Хасмохьмад, Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхочун заместитель – Нохчийн Республикин Администрацин Аппаратан куьйгалхо хилларг.
№ 67, еара, 18 июнь, 2015 шо