Кхузаманан технологех шуьйра пайда а оьцуш, баккхий хийцамаш беш цIинйина, Нохчийн Республикин музей схьайиллира, Керлачу шеран дезденош тIекхочуш, Соьлжа-ГӀалахь.

Музей схьайелларан даздаршкахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, республикин Культурин министра Кадырова Ӏайшата, иштта, ведомствийн куьйгалхоша а, политикаша а, культурин а, йукъараллин а гӀуллакххоша, Ӏилманан, культурин, дешаран хьаьрмийн векалша, кхечара.
Россин реставрацин а, музейни-гайтамийн туьшийн а куьйгалхоша: театран художника, архитектора, поэта, йаздархочо Купер Юрийс, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гӀоьнчас Черномазов Александра, академикан И.Э.Грабаран цӀарахчу Йерригроссин Ӏилманан-реставрацин исбаьхьаллин туьшан генеральни директора Сергеев Дмитрийс, пачхьалкхан «РОСИЗО» музейн-гайтаман туьшан генеральни директора Галактионова Ольгас, Махбален халкъийн искусствийн пачхьалкхан музейн генеральни директора Седов Александра, Пачхьалкхан Эрмитажан генеральни директора Пиотровский Михаила, Пачхьалкхан Оьрсийн музейн генеральни директора Гусев Владимира, Третьяковн галерейн генеральни директора Трегулова Зельфирас. Кадыров Рамзана Культурин министр Кадырова Ӏайшат а, музейн куьйгалла а, белхахой а декъалбира музейн реновацин белхаш чекхбахарца.
ХӀокху музейхь ларйеш нохчийн къоман культурин-этнографин хазна хилар билгалдаьккхира цо. Республикин Куьйгалхочо аьлла ма-хиллара, Нохчийн Республикин музей хӀинца Йерригроссин а, дуьненан а тӀегӀанерчу культурин хиламашкахь дакъалаца аьтто болуш ю.
Цул сов, хаам бира, Нохчийн Республикехь тӀемаш болчу хенахь къоланаш дар бахьанехь къайлабевлла дуьненахь а бевзаш болу белхаш кестта йухаберзориг хиларан хьокъехь. Масала, царна йукъахь ду Рубо Францан «1859-чу шеран хьаьттан (август) беттан 25 дийнахь Гуниб эвла йаккхар а, Имам Шемал йийсаре вар а» сурт.
Музей схьайиллинчу дийнахь дуьххьара хилла гайтам «Нохчийн Республикин музей. Заманан призманехула» аьлла бара.
Культурин министра Кадырова Ӏайшата элира: «Музейн историн керла агӀо «Нохчийн Республикин музей. Заманан призманехула» гайтамна тӀера йолалуш йу. ТӀаьхьарчу тӀаьхьенашна вайн ламасташ лардеш, вайн историн гулйеш лаьттар йу музей».
Вежарийн Вихман Карлан а, Людвиган а болх – паччахьан Александра Фёдоровнин мармаран скульптура – тӀаьхьарчу 30 шарахь дуьххьара гайтира музей схьайоьллучу дийнахь.
Музей схьайелларан даздарш Берийн симфонически оркестро кечйинчу музыкальни программо хаздира.
Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана музей хазйеш, тойеш белхаш бинчу говзанчашна даггара баркалла элира.
З.ЯХЪЯЕВА
№1, кхолламан (январь) беттан 5-гӀа де