«Культура» къоман проект кхочушйаран гурашкахь Нохчийн Республикин йерриге а кӀошташкахь дӀахьош бу культурин учрежденеш карлайахаран а, керланаш йаран а белхаш.

Вайн республикин культурин хьаьрма кхиорехь массарел жигара хилла схьайогӀуш хиллачу Нажи-Йуьртан кӀошт а тӀаьхьайуьсуш йац.
ХӀинцале оцу кӀоштарчу ГӀалайтӀа йуьртахь схьайиллина керла библиотека, Бенахь дина Культурин керла цӀа, Нажи-Йуьртахь модельни кепара библиотека.
ХIокху деношкахь оцу кӀоштан культурин дахарехь кхин цхьа хилам хилла — Чуьрча-Ирзе йуьртахь схьадиллина йухаметтахӀоттийна долу Культурин цӀа.
Иза схьаделларна леринчу даздаршкахь дакъалоцуш вара Нажи-Йуьртан кӀоштан куьйгалхо Селимханов Султан, Нохчийн Республикин культурин министран хьалхара заместитель Байсарова Марет, Нажи-Йуьртан кӀоштан культурин отделан хьаькам Висамбиев Аслан, йуьртан бахархой, кегийрхой.
Шен къамелехь Байсарова Марета билгалдаьккхира: «Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана культурин хьаьрма кхиорна боккха тидам тӀебохуьйтуш хилар. Цунна тоьшалла ду вайн республикехь, хӀора дийнахь бохург санна, схьайоьллуш йолу культурин керла учрежденеш. Тахана кху ламанца йолчу Чуьрча-Ирзехь а Культурин цӀа схьадоьллуш ду вай».
Ламасте дирзина ма-хиллара, цӀен аса а хадош, схьадиллира цӀа.
Нажи-Йуьртан кӀоштан «Ламанан аз» вокальни тобано музыкин совгӀатца самукъадаьккхира мероприятин дакъалацархойн.
З.ХИЗИРОВА
№1, кхолламан (январь) беттан 5-гӀа де